Matthew 18
Мурдех лакхарниг мила ву?
(Марк 9:33-37; Лака 9:46-48)
1 aӀийсана тӀе а баьхкина, Цуьнан мурдаша хаьттира: «Стигалийн Олаллехь уггар лакхара верг мила ву?» 2Цо, бер тӀе а кхайкхина, мурдашна юккъе иза дӀа а хӀоттийна, 3 bэлира: «Аса баккъалла боху шуьга: шайн дегнаш цӀан а дина, бераш санна дӀа ца хӀиттахь, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, шу цкъа а Делаца хир дац. 4ХӀара бер санна, муьтӀахь а хилла, дӀахӀоьттинарг Стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггар лакхара ву. 5Сан дуьхьа иштта цхьа бер тӀеоьцучо Со а оьцу тӀе».Къа латоран бахьанаш
(Марк 9:42-48; Лака 17:1, 2)
6«Амма Сох тешаш болчу царах лахара волчуьнга къа латадойтуш волчу хӀора стагана, хьеран тӀулг коча а тасийтина, ша хи чу а кхоссийтина, хӀорда буха вахар гӀоле ду. 7Ма декъаза ду-кх дуьне, къа латоран бахьанаш шена чохь хиларна. Къа латоран бахьанаш хила дезара, амма декъаза бу къа лато бахьанаш дохуш болу нах. 8 cХьан куьйго я кого хьоьга къа латадайта бахьана даьккхинехь, и куьг я ког, схьа а даккхий, дӀакхосса. ХӀунда аьлча ког-куьг а доцуш Далла гергахь вахар гӀоле ду хьуна, ши ког а, ши куьг а шайн меттехь а долуш, жоьжахатин цӀергахь хьо вагавойтучул. 9 dХьан бӀаьрг бахьана долуш хьох къа леттехь, иза, схьа а баккхий, дӀакхосса. Цхьана бӀаьргаца Далла уллохь вехаш хилар гӀоле ду хьуна, ший а бӀаьрг а болуш, жоьжахатин цӀергахь хьо вагавойтучул».Байначу уьстагӀах лаьцна хьекъале дустар
(Лака 15:3-7)
10«Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла ▼▼Цхьадолчу тептарш тӀехь Лакин тептар (19:10) тӀера схьаэцна долу аят 11 тӀетоьхна ду: Адамийн КӀант дайнарг каро а, кӀелхьардаккха а веана ма ву.
. 11– 12Шуна муха хета? Шен бӀе уьстагӀ берг, царна юкъара цхьа уьстагӀ дӀакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагӀ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дӀакъаьстина уьстагӀ лаха гӀур вац? 13Ас баккъалла а боху шуьга: шена дӀакъаьстина цхьа уьстагӀ схьакарийча, лам чохь бисинчу безткъе ткъайоьсна уьстагӀал оцу цхьана уьстагӀах цуьнан самукъадер ду. 14Иштта шун стигалахь волчу Дена а ца лаьа цу лахара болчарах цхьа а дӀакъастийта». Къинош летош волу ваша
15 f«Хьан динан вашас хьуна дуьхьал къа латадахь, ваха а гӀой, шаьшшиъ волчохь шегара даьллачух иза кхетаве. Цо хьоьга ладогӀахь, тӀаккха ахьа цунах юха а хьайн динан ваша во. 16 gАмма цо хьоьга ла ца догӀахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хӀунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чӀагӀдийр ду“. 17Цо цаьрга а ла ца догӀахь, динан гуламе дӀадийца. Цо цаьрга а ла ца догӀахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца. 18 hБаккъалла а боху Ас шуьга: аша кху дуьнен чохь дихкина долу гӀуллакх стигалахь Дала а дихкина хир ду. Аша кхузахь нахана пурба лахь, иза Дала делла пурба санна хир ду. 19Кхин цхьа хӀума а эр ду Аса шуьга: шух волчу шиммо, барт а бина, доӀанехь Деле доьхуш хилахь, цара деххнарг Сан стигалахь волчу Дас кхочушдийр ду. 20ХӀунда аьлча шиъ-кхоъ стаг Сан цӀарах вовшахкхетахь, цаьрца Со а хир ву».КъинтӀера ца ваьллачу ялхочух лаьцна хьекъале дийцар
21 iКипас, Ӏийса волчу а веана, хаьттира: «Сан Эла! Вашас суна дуьхьал къа латош хилча, со мосазза къинтӀера вала веза цунна? ВорхӀазза вала везий?» 22 jТкъа Ӏийсас цуьнга элира: «Аса боху: иза ворхӀазза хир дац, ворхӀазза кхузткъе итт эцча санна, хир ду. 23Стигалийн Олалла хӀокхунах тера хила мега. Цхьа паччахь шен ялхошкара декхар схьагулдеш хилла. 24Декхар схьагулдан иза волавелча, кхунна тӀевалийна цхьа ялхо. Иза итт эзар гали дашо ахча декхарийлахь хилла. 25Амма и декхар схьадала цуьнан таро йоцийла хиъча, паччахьо омра дина, иза цуьнан зудчуьнца а, берашца а, цуьнан йолчу салпалца а шен декхар юхадерзорхьама дӀавохка аьлла. 26ТӀаккха ялхочо, шен паччахьна хьалха гора а хӀоьттина, дехар дина: „Ахьа цхьажимма собар дехьа, аса декхар дӀалур ду хьуна!“ 27Паччахьна ялхочух къахетта. Цо иза, декхарна къинтӀера а ваьлла, дӀавахийтина. 28Ткъа цу ялхочо, шена бӀе динари дети-ахча декхарийлахь волчу вукху ялхочунна тӀе а вахана, иза лаг тӀера а лаьцна, цуьнан са а дукъош, цо шена схьадалаза долу декхар схьадийхира: „Схьало айхьа суна схьадала дезарг!“– аьлла. 29ТӀаккха цу ялхочо, хӀокхунна хьалха гора а воьжна, дехар а деш, элира: „Собар дахьара ахьа, аса хьан дерриг а декхар дӀалур дара“. 30Амма хьалхарчу ялхочо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Цо иза шен декхар схьадаллалц набахти чу воллийтира. 31И хӀума гина болчу ялхоша шайна гинарг, эла волчу дӀа а бахана, дӀадийцира. 32Эло, и ялхо тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: „Сий доцу лай! Ахьа дехар дича, аса сайн дерриг а декхар, къинтӀера а ваьлла, хьуна дитира. 33Ткъа ахьа а мегар дацара хьо санна волчу хьайн накъостах къинхетам бан, аса хьайх ма-барра?“ 34ОьгӀазваханчу эло омра дира, ницкъ а беш, иза набахти чохь латтаве, цо дерриг а декхар схьадаллалц, аьлла. 35Иштта хир ву шуьца Сан Стигалара Да а, шу даггара шайн вешина къинтӀера ца довлахь».
Copyright information for
CheCAC2012