‏ Matthew 19

Стага зуда дӀаяхийтарх лаьцна хьехам

(Марк 10:1-12)

1Шен къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа Ӏийса, Галилай-махкара дӀа а вахана, ЯхӀуд-махкарчу Йордан-хина дехьарачу агӀонгахь йолчу метте веара. 2Цунна тӀаьхьа хӀоьттина лелаш адамийн тобанаш яра, Цо царна цигахь дарбанаш а дира.

3ТӀаккха Ӏийсана тӀе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дӀасакъастар?»

4 aӀийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна? 5 bЦигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина,
стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву.
ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.

6ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»

7 cТӀаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тӀе хӀунда диллина, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дӀа а лой, цуьнца дӀасакъаста аьлла?»

8Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла. 9 dТкъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хӀума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву».

10Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Ӏер гӀолехь ду».

11Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш
Цу аятан важа маьӀна иштта мегар дара: Шена Дала деллачо бен тӀелоцур дац Сан дешнаш.
.
12Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьӀна стаг санна хуьлу, вуьш – нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагӀнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла».

Ӏийсас бераш декъалдо

(Марк 10:13-16; Лака 18:15-17)

13Ӏийса волчу бераш далийра, царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цуьнга доӀа дайтархьама. Амма Цуьнан мурдаш резабоцуш, бераш далош баьхкинчарах бехкаш дохуш, луьйш бара. 14Ӏийсас элира: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Стигалийн Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу».

15Царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цо уьш декъалбира. Цул тӀаьхьа Иза цигара дӀавахара.

Хьалдолу стаг

(Марк 10:17-31; Лака 18:18-30)

16Цхьана стага, Ӏийсана тӀе а веана, хаьттира: «Устаз, муьлха дика болх бан беза аса Дела волчохь хедар доцучу дахаре со нисвалийта?»

17Ӏийсас цуьнга элира: «Соьга хӀунда хоьтту ахьа, диканиг муьлха ду бохуш. Цхьаъ бен вац Диканиг. Ткъа хьо Дела волчохь хьайн дахар нисдалийта лууш велахь, хьайна тӀедиллина парзаш кхочушде».

18 fЖимачу стага хаьттира: «Муьлха парзаш?»

Ӏийсас жоп делира: «Адам ма де, нахаца ма лела, къола ма де, харц тоьшалла ма де,
19 gдай-наний а лара, хьайн уллораниг хьо санна веза».

20Жимачу стага Цуьнга элира: «Иза шадерг а аса кхочушдина, кхин хӀун оьшу суна?»

21Ӏийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гӀой, хьайн мел долу хӀума дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. ТӀаккха, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».

22И дешнаш шена хезча, жима стаг, гӀайгӀане а воьжна, дӀавахара, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара.

23Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила. 24Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».

25Мурдаша, иза шайна хезча, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира Цуьнга: «Ткъа мила ваккхалур ву кӀелхьара?»

26Цаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хӀумма а дац».

27Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо. Тхоьга хӀун кхочур ду?»

28 hӀийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду. 29Сан дуьхьа шен цӀа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бӀозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан. 30 iАмма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».
Copyright information for CheCAC2012