‏ Matthew 27

Ӏийса Пулат волчу валаво

(Марк 15:1; Лака 23:1, 2; Яхьъя 18:28-32)

1ШолгӀачу Ӏуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Ӏийса вейта барт бира. 2Иза, дӀа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дӀавигира цара.

ЯхӀуд-Искархо валар

(Векалийн 1:18, 19)

3 aӀийсана ямартло йина волчу ЯхӀуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира. 4Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина».

Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хӀун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна».

5Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цӀийнан керта дӀа а кхоьссина, ЯхӀуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира.

6Динан коьртачу дайша, и ахча схьа а гулдина, элира: «ХӀара Делан цӀийнан хазни чуьра ахчанах дӀатоха мегар дац, цӀий Ӏанадайтина ахча долу дела». 7Вовшах дага а бевлла, цара цу ахчанах кхийра пхьегӀаш еш волчун латта ийцира, цу тӀехь хийрачу къаьмнех болу белла нах дӀабохка. 8Цундела тахана а и латта «ЦӀийн латта» олуш ду. 9 bИштта кхочушхилира Ярми-ЯхӀус аьлла долу дешнаш: «Схьаийцира цара мах хӀоттийна волчунна тӀера ткъе итт дато ахча. Иштта бара исраилхоша цуьнан хадийна болу мах. 10Иза кхийра пхьегӀаш еш волчун лаьттах дӀаделира цара, соьга Везачу Эло ма-аллара».

Пулата Ӏийса жоьпе озаво

(Марк 15:2-5; Лака 23:3-5; Яхьъя 18:33-38)

11Ӏийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дӀахӀоьттира. Цо Ӏийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?»

Ӏийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза».
12Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хӀумма а ца элира.

13ТӀаккха Пулата Цуьнга элира: «Хьуна ца хеза, Хьайна дуьхьал мел дукха бехкаш даладо?»

14Амма Ӏийсас цхьана а тайпана Шега деш долчу хаттаршна жоп ца делира. И сурт шена гича, мехкан куьйгалхо чӀогӀа цецваьллера.

Ӏийса вен кхел йо

(Марк 15:6-15; Лака 23:13-25; Яхьъя 18:39–19:16)

15ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дӀахоьцура. 16Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цӀеяхана волу зуламхо ЮшаӀ-Барраб. 17Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дӀахоьцийла лаьа шуна: ЮшаӀ-Барраб я Ӏийса, „Дала леррина Къобалвинарг“олуш волу?» 18Пулатана хаьара, Ӏийса цара, Цуьнга хьагӀ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла.

19Пулат мехкан кхеташонехь Ӏаш волчу хенахь цуьнга шен хӀусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хӀунда аьлча дӀаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гӀенах чӀогӀа бала хьийгира», – аьлла.

20Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дӀахаийтира: Барраб кӀелхьара а ваьккхина, Ӏийса вен кхел яйта лаар. 21ТӀаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дӀахоьцийла лаьа шуна?»

Цара элира: «Барраб».

22Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?»

Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!»

23Пулата хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?»

Амма цара кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха!» – бохуш.

24 cИ сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чӀогӀа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХӀокху Стеган цӀий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло».

25Адамаша жоп делира: «Цуьнан цӀий тхуний, тхан берашний тӀехь хуьлийла!»

26ТӀаккха цо Барраб дӀахецийтира, ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, церан кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.

Ӏийса тӀемалоша хьийзавар

(Марк 15:16-20; Яхьъя 19:2, 3)

27ТӀаккха Ӏийса мехкан куьйгалхочун тӀемалоша кхел кхайкхо гӀишло чу вигира. Цунна гонах тӀемалойн тоба гулъелира. 28Ӏийсана тӀера бедарш дӀа а яьхна, цара Цунна тӀе цӀен оба кхоьллира. 29Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира, аьтту куьйга Ӏаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хӀиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» 30Цара Цунна тӀе туйнаш детта долийра, тӀаккха Цуьнан карара Ӏаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра. 31Шаьш Иза аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Цуьнан Шен бедарш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха Ӏийса жӀарах дӀатоха дӀавигира.

Ӏийса жӀарах дӀатохар

(Марк 15:21-32; Лака 23:26-43; Яхьъя 19:17-27)

32ХӀорш дӀабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамӀа цӀе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара. 33Уьш схьакхечира «Галгатхьа» олучу метте (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 34 dСтимаца эдина долу чагӀар малийта гӀоьртира уьш Ӏийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тӀаьхьа, иза ца мелира. 35 eИза жӀарах дӀа а тоьхна, тӀемалой, шайна юкъахь Ӏийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хӀиттира. 36Цул тӀаьхьа, охьа а хевшина, уьш Иза ларвеш бара. 37Ӏийсан коьрта тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара ву Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХӀара стенна бехке веш ву билгалдоккхура. 38Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна. Цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор. 39 fЮххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош, 40 gЦуьнга бохура: «ХӀей, Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дӀахӀоттош верг! Хьо Делан КӀант велахь, кӀелхьарвала хьажа, охьавосса жӀаран бӀогӀамна тӀера!»

41Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура: 42«Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хӀинца жӀарана тӀера. ТӀаккха тхо Цунах тешар ду! 43 hИза Делах тешна вара, тӀаккха Дала кху баланах кӀелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КӀант ву!“»

44Кхуьнца жӀарах дӀатоьхна болчу талорхоша а сийсазвоккхура Иза.

Ӏийса кхалхар

(Марк 15:33-41; Лака 23:44-49; Яхьъя 19:28-30)

45Делкъахенахь лаьтта цӀеххьана Ӏаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза. 46 iДелкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа?»

47Кхузахь лаьтташ болчу цхьаболчара, и дешнаш шайна хезча, элира: «И стаг Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх!» 48 jЦарах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага дӀакховдийра, Цуьнга малийтархьама.

49Амма вукхара бохура: «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара кӀелхьарваккха».

50Ӏийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТӀаккха Шен Са дӀаделира Цо. 51 kЦӀеххьана Делан цӀийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тӀулгаш лелхара. 52Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира. 53Ӏийса денвеллачул тӀаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхӀудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гӀалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира.

54Ӏийса ларвеш хиллачу тӀемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хӀуманаш гича, чӀогӀа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КӀант хилла!»

55 lГеннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Ӏийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама. 56Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кӀентан нана а яра.

Ӏийса дӀаволлар

(Марк 15:42-47; Лака 23:50-56; Яхьъя 19:38-42)

57Суьйре тӀееача, Рамат-гӀалара Юсуп цӀе йолу хьалдолу стаг веара. Иза а вара Ӏийсан мурдех. 58Пулат волчу а веана, цо, Ӏийсан дакъа шега схьалахьара аьлла, дехар дира. Пулата, дакъа дӀало аьлла, омра дира. 59Юсупа, дакъа схьа а эцна, цӀеначу кӀади юккъе а хьарчийна, 60ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тӀулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дӀа а къевлина, иза дӀавахара. 61Магдалера Марем а, важа Марем а цу къуббанна дуьхьал охьахиира.

Къуббанна хӀоттийна долу гӀарол

62Иза хилира пӀерасканан дийнахь, Далла лерина долчу шоьтан денна кечам бечу хенахь. ШолгӀачу дийнахь динан коьртачу дайша а, парушхоша а, Пулат волчу а баьхкина, 63 mэлира: «Эла, тхуна хӀинца дагадеа иза: цу нах лебечо ша дийна волуш элира: „КхоалгӀачу дийнахь Со денлур ву“. 64Цундела, и чохь волу къубба, и кхо де даллалц, дикка ларъе алий, омра дехьа, Цуьнан мурдашка дакъа, лачкъа а дина, дӀа ца дахьийта. Цара эр ма ду: „Иза веллачуьра денвелла“. ТӀаккха шолгӀа аьлла харцдерг хьалха аьллачул а вон хир ду».

65Пулата цаьрга элира: «Шайца гӀаролхой схьа а эций, даха а гӀой, шайна бакъахьа хеттачу агӀор ларъе и къубба».

66Цара, дӀа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чӀагӀйина хиларан билгало а йина, цигахь гӀарол дӀахӀоттийра.
Copyright information for CheCAC2012