‏ Matthew 7

Емалдар

(Лака 6:37, 38, 41, 42)

1«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. 2 aАша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах. 3Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш? 4Хьоьга муха алалур ду хьайн веше: „Схьахьажал, аса бӀаьргара чамхалг дӀайоккху хьуна“, хьайн бӀаьргахь хен боллушехь? 5Шалхонча, цкъа хьайн бӀаьргара хен дӀабаккха, тӀаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бӀаьргара чамхалг схьаяккха.

6Далла гергахь еза йолу хӀума жӀаьлеш дӀа ма луо, уьш, юха а дирзина, шух летар ду. ЖовхӀарш хьакхарчашна хьалха а ма кхисса, цаьрга уьш ца хьешийта».

Диэха, лаха, неӀ етта

7«Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна, 8хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту.

9Шуна юкъахь вуй теша стаг, шега шен кӀанта бепиг дехча, цуьнга тӀулг кховдон верг? 10Я чӀара бехча, цуьнга лаьхьа кховдон верг? 11Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна! 12 bЦундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тӀера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тӀера схьадогӀуш ду».

Дахарехь готта некъ лаха

(Лака 13:24)

13«Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ – иза стаг хӀаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дӀабоьлху цу новкъахула. 14Дахарна тӀевоьдучохь долу ков готта ду, цу тӀе боьдуш болу некъ хала бу. КӀеззигчарна бен иза кара а ца бо.

15УьстагӀийн аматехь шайна дуьхьал хӀуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. 16Уьш шайн стоьмаца бевзар бу шуна. Гулйой аша коканийн кулла тӀера кемсаш, я вирбаӀ тӀера комарш? 17Дикачу дитто дика стом ло, ткъа вуочу дитта тӀехь вон стом кхуьу. 18Дикачу дитта тӀехь вон стом кхиа а йиш яц, амма вуочу дитта тӀехь дика стом а ца хуьлу. 19 cХӀора вон дитт, цу тӀехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цӀера юккъехь дагадо. 20 dИштта, харцпайхамарш церан гӀуллакхаша бовзуьйту.

21ХӀора Соьга: „Ва сан Веза Эла“бохуш волчо Стигалийн Олалла тӀелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтӀахь хила веза. 22Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цӀарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цӀарах дӀа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цӀарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ 23 eТкъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“»

МуьтӀахь хиларе кхайкхар

(Лака 6:47-49)

24«Цундела Соьга ла а дугӀуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тӀехь юттучу стагах тера ву. 25ДогӀа а тӀедоьттина, хиш а дистина деана, чӀогӀа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цӀенна хӀумма а ца хилла, хӀунда аьлча цу цӀийнан бух буточу тархана тӀехь боьттина бу. 26ХӀинца Аса бохучуьнга ладугӀуш воцург шен цӀийнан бух гӀамаршна тӀехь боьттинчух тера ву. 27ДогӀа а деача, хиш дистина а деача, мох а хьаькхча, цуьнан цӀа тӀе а кхетта, доьхна дӀадаьлла, схьаэца хӀума а доцуш».

28 fӀийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чӀогӀа цецдевллера, 29хӀунда аьлча церан Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Цо.
Copyright information for CheCAC2012