‏ Matthew 9

Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг туовар

(Марк 2:1-12; Лака 5:17-26)

1Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏам тӀехула дехьа а ваьлла, Шен гӀала кхечира. 2Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина».

3Иза хезна болчу Ӏеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Ӏеса къамел до!»

4Церан дагахь дерг Ӏийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хӀунда ю шун даг чохь? 5Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“я: „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“? 6Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Ӏийсас элира: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо».

7Важа, хьала а гӀаьттина, цӀа вахара. 8Адамийн тоба, шена и хӀума гича, чӀогӀа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чӀогӀа бакъо яларна.

Маттайга тӀекхайкхар

(Марк 2:13-17; Лака 5:27-32)

9Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цуьнан бӀаьрг кхийтира Маттай цӀе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира: «Суна тӀаьххье схьавола!»

Маттай, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьхьа дӀавахара.

10 aӀийса Шен мурдашца Маттайн хӀусамехь яа хӀума юуш Ӏаш хилла. Царна тӀе а баьхкина, цаьрца яа хӀума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цӀе яхана болу наххий. 11Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хӀума юуш хӀунда Ӏа?»

12Иза Шена хезча, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. 13 bДаха а гӀой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».

Марха кхабарх лаьцна

(Марк 2:18-22; Лака 5:33-39)

14Яхьъян мурдаша, Ӏийсана тӀе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!»

15Ткъа Ӏийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гӀайгӀане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тӀедогӀур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дӀавуьгун волу цхьа де. ТӀаккха хир бу уьш гӀайгӀане, марха кхаба а болалур бу. 16Цхьаммо а ца латайо цӀеначу кӀадих тишачу бедарна йома, хӀунда аьлча и йома гатъелла, оза а елла, дӀахӀоьттича, бедар тӀера Ӏуьрг кхин а доккха хир ду. 17Керла чагӀар тишачу пӀаьлдиг чу а ца дутту. ПӀаьлдиг бетӀар бу, чагӀар чуьра охьагӀур ду. ПӀаьлдиг а хӀаллакьхир бу. Амма керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту: пӀаьлдиг а, чагӀар а шен меттехь хир ду».

Гуламан цӀийнан куьйгалхочун йоӀ еллачуьра денъяр а, цомгуш йолу зуда туояр а

(Марк 5:21-43; Лака 8:40-56)

18Цо и къамел дечу хенахь Ӏийсана тӀевеара гуламан цӀийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: «Сан йоӀ хӀинцца дӀаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тӀе куьйгаш дехкича, иза денлур яра». 19Ӏийса, хьала а гӀаьттина, Шен мурдашца цунна тӀаьхьа дӀавахара.

20Цигахь, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Ӏийсана тӀехьахула тӀе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дӀахьакхаелира иза. 21Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дӀахьакхаелча, со толур яра».

22Ӏийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоӀ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира.

23Ӏийса гуламан цӀийнан куьйгалхо волчу цӀа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а. 24Цо элира: «ДӀагӀо кхузара! ЙоӀ яла ца елла, иза йижина Ӏуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара. 25Уьш цӀа чуьра аралаьхкича, Ӏийсас, йоӀ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоӀ Ӏуьллучуьра хьалагӀаьттира. 26Цу тамашийначу хӀуманах лаьцна хабар массо а метте дӀасадаьржира.

БӀаьрзе ши стаг туовар

27Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цунна тӀаьхьавогӀуш вара бӀаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан
Даудан КӀант – жуьгтийн халкъана хууш дара Дала леррина Къобалвинарг Дауд-паччахьан тӀаьхьенах хир вуйла. Цундела цуьнан наггахь, Даудан КӀант олий, цӀе йоккхура.
КӀант!»

28Ӏийса цӀа чу ваьлча, бӀаьрзенаш Цунна гергга тӀебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бӀаьрса юхадоуьйтург хиларх?»

Цара элира: «Теша, Веза Эла!»

29Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Цо элира: «Шу тешаш дерг хилийталахь!» 30ТӀаккха церан бӀаьрса схьадеара. Ӏийсас царна чӀоггӀа тӀедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна». 31Амма шаьш дӀабаханчул тӀаьхьа, цара Цунах лаьцна массо а маьӀӀе дӀасадаржийра.

Мотт сецна волу стаг туовар

32Шен мурдашца Иза дӀаваха кечвеллачу хенахь Ӏийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара. 33Ӏийсас жин дӀалаьллиначу хенахь и стаг къамел дан волавелира. Наха цецбовларца бохура: «И санна долу хӀума Исраилан махкахь цкъа а хилла дац».

34 dТкъа парушхоша бохура: «Цо жинаш лохку жинийн элан гӀоьнца».

Ӏийсас нахах къинхетам бо

35 eӀийса массо а гӀаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. 36 fАдамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чӀогӀа гӀайгӀане а, дуьненах дог диллина, Ӏу воцу бажа санна, лелаш бара. 37 gЦо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. 38Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий».
Copyright information for CheCAC2012