Matthew 11
Яхьъяс бохкуьйту нах
(Лака 7:18-35)
1Ӏийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дӀа а вахана, Галилай-махкарчу гӀаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира. 2Ӏийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира 3Цунна тӀе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Ӏан деза?» 4Ӏийсас цаьрга элира: «Даха а гӀой, Яхьъяга шайна гинарг а, хезнарг а дийца: 5 aбӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. 6Декъала ву Сох шек воцург». 7Мурдаш дӀабахначул тӀаьхьа Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? 8ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу. 9Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. 10 bЦунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ 11Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву. 12 cНах хих чекхбохучу Яхьъян заманера дуьйна таханлерчу денна тӀе кхаччалц стигалийн Олалла, яккхий гӀулчаш йохуш, дӀадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гӀерташ белахь а ▼▼...стигалийн Олалла, яккхий гӀулчаш йохуш, дӀадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гӀерташ белахь а – цуьнан кхин маьӀна а хила таро ю: ...стигалийн Олаллина дуьхьал луьра тӀелатарш ду, ткъа ницкъ бийраш Иза эшо гӀерташ бу.
. 13ХӀунда аьлча товрат-хьехамаша а, пайхамарша яздинчо а хиндерг схьааьлла долуш дара, Яхьъя лелаш хилла волу хан тӀекхаччалц. 14 eЦара бохуш дерг шу тӀеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогӀур ву бохуш волу Эли-ЯхӀу. 15Лергаш долчунна хӀара дӀахезийла. 16Хьаьнца юстур ю Аса хӀара тӀаьхье? Уьш, базаран майданашкахь кхечу берашка мохь а бетташ, Ӏаш долчу берех тера ду: 17„Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира!Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“
18Яхьъя гучуваьлла. Цо хӀума а ца йоу, мала а ца молу. Ткъа цунах лаьцна дуьйцу, иза жинаша хьийзош волу стаг ву бохуш. 19Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву!“Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гӀуллакхаша».
Дохкойовлаза йисина гӀаланаш
(Лака 10:13-15)
20Ӏийса бехк боккхуш волавелира Ша Шен дукхах долу Ӏаламаташ гайтинчу гӀаланийн бахархойх, уьш метта а баьхкина, Далла тӀе ца берзарна. 21 f«Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гӀала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гӀуллакхаш Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара. 22Аса боху шуьга: Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь дуккха а атта хир ду шуначул. 23 gТкъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна?Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю.
Седамехь хьуна гина долу Ӏаламаташ хиллехьара, иза хӀара де тӀекхаччалц лаьтташ хир яра. 24 hАса боху шуьга: Седамна кхана догӀун долчу къематан дийнахь атта хир ду хьуна чул».
Суна тӀе дуьйла, Аса синтем лур бу шуна
(Лака 10:21, 22)
25ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Ӏилманчеххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна. 26ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду. 27 iДерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КӀант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КӀантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен. 28Дуьйла Суна тӀе, кӀадделларшший, балехь дершший. Аса дагна синтем лур бу шуна. 29 jСан дукъ шайна тӀеэца, Сох Ӏама, хӀунда аьлча даг чохь Со чӀогӀа эсала а, кӀеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу. 30Сан дукъ а дӀакхехьалур долуш ду, Сан мохь а бац беза».
Copyright information for
CheCAC2012