Matthew 11:20-24
Дохкойовлаза йисина гӀаланаш
(Лака 10:13-15)
20Ӏийса бехк боккхуш волавелира Ша Шен дукхах долу Ӏаламаташ гайтинчу гӀаланийн бахархойх, уьш метта а баьхкина, Далла тӀе ца берзарна. 21 a«Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гӀала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гӀуллакхаш Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара. 22Аса боху шуьга: Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь дуккха а атта хир ду шуначул. 23 bТкъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна?Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю.
Седамехь хьуна гина долу Ӏаламаташ хиллехьара, иза хӀара де тӀекхаччалц лаьтташ хир яра. 24 cАса боху шуьга: Седамна кхана догӀун долчу къематан дийнахь атта хир ду хьуна чул».
Copyright information for
CheCAC2012