Matthew 13:53-58
Ӏийса Назарт-гӀалахь тӀе ца оьцу
(Марк 6:1-6; Лака 4:16-30)
53Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа, Ӏийса цигара дӀавахара. 54Ша кхиинчу гӀала а веана, церан гуламан цӀа чохь нах Ӏамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хӀуманаш лело ницкъ? 55Дечиган пхьеран кӀант вац Иза? Цуьнан ненан цӀе Марем яц? Ткъа вежарийн цӀераш Якъуб, Юша, ШамӀа, ЯхӀуд бохуш яц? 56Вайна юкъахь лелаш бац Цуьнан йижарий? И шадерг а Цунна мичара даьлла?» 57 aОцу нахана Иза къобалван ца лиира. Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». 58Цо цигахь дукха тамашийна билгалонаш ца гайтира, церан тешар кӀезиг долу дела.
Copyright information for
CheCAC2012