aАрадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16; Арадаккхар 21:17; Ӏамалъяр 20:9.
b ЕшаӀ-ЯхӀу 29:13 (Грекийн).

‏ Matthew 15

Дайша лелийна Ӏадаташ

(Марк 7:1-13)

1Ярушалайм-гӀалара баьхкинчу парушхоший, Ӏеламчу нахий Ӏийсага элира: 2«Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда талхадо? Цара хӀума яале хьалха куьйгаш цӀандаран Ӏадат кхочуш хӀунда ца до?!»

3Царна дуьхьал Ӏийсас элира: «Ткъа аша хӀунда талхадо Дала тӀедиллина долу парзаш, шайн Ӏадаташ ца дохорхьама? 4 aДала аьлла ма ду: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“. 5Амма аша боху шайн дега а, нене а ала мега: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг аса Далла совгӀатна дӀало“. 6Цу дешнаша дай-наний ца лара бакъо ло. Аша Дала шайна тӀедиллина долу парз шаьш кхоьллина долу ламаст бахьана долуш дӀадаьккхина. 7Шалхо лелорш! Шух лаьцна нийса аьлла хилла ЕшаӀ-ЯхӀус ша Делера бинчу хаамехь: 8 b„ХӀокху адамаша Со багахь лору,
ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
9Церан ларамах пайда бац,
хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац,
уьш адамаша кхоьллина бу“».

Далла гергахь стаг бехвеш дерг

(Марк 7:14-23)

10Нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «Соьга ла а догӀий, Аса бохучух кхетахьара шу: 11стеган багахула чудоьдуш долчу хӀумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен».

12ТӀаккха тӀебаьхкинчу мурдаша Ӏийсага элира: «Хьуна хаьий парушхой Ахьа аьлла долу дешнаш бахьана долуш шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттина хеташ буйла?»

13Ӏийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дӀадоьгӀна доцу хӀора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду. 14 cУьш машарца дӀабахийта. БӀаьрзе нах бу уьш. Царна тӀаьхьахӀоьттинарш а бу бӀаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тӀаьхьахӀоьттинарг а, ший а бӀаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву».

15Цунна дуьхьал Кипас элира: «Кхетадехьа Ахьа тхо оцу дустарх».

16Ткъа Ӏийсас элира: «ХӀинца а оццул кхетам боцуш ду шу? 17Шун бага кхаьчна долу хӀума, зорх чу а кхочий, цул тӀаьхьа кийрара арадолу. 18 dАмма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. 19Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар. 20Иза ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. Ткъа стага яа хӀума яале шен куьйгаш ца диларх, иза Далла гергахь бехлур вац».

Кхечу къомах йолчу зудчун тешар

(Марк 7:24-30)

21Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Цорин а, ЦӀаданан а гонах йолчу меттигашка дӀавахара. 22Йоьлхуш, Цунна тӀееара цигахь Ӏаш йолу канаӀанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КӀант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоӀ».

23Амма Ӏийсас цуьнга хӀумма а ца элира. Мурдаша, тӀаьхьа а баьхкина, Цуьнга дехар дира: «ДӀаэккхае и зуда! Массо а хенахь вайна тӀаьхьа а яьлла, мохь хьоькхуш ю-кх».

24Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагӀашна бен гӀо дан ваийтина вац Со».

25ТӀаккха и зуда, Ӏийсана тӀе а еана, гора а хӀоьттина, йистхилира: «Веза Эла! ГӀо дехьа суна!»

26Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Нийса дац иза, берашкара схьа а йоккхуш, юург жӀаьлешна дӀакхоссар».

27Зудчо элира: «Бакъ ду иза, Эла! Делахь а жӀаьлеша а ма лехьадо хӀусамден шуьн уллора охьадоьжна долу цуьргаш».

28ТӀаккха Ӏийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чӀогӀа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоӀ тоелира.

Дукха нах тобар

29Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Галилай-Ӏоман йистехула дӀавахара. Лам тӀе хьала а ваьлла, охьахиира Иза. 30Цунна тӀе адамийн тобанаш эха юьйлаелира, шайца астагӀнаш, бӀаьрзенаш, заьӀапхой, мотт ца хууш болу къора нах, кхиболу цомгуш нах а болуш. Цара уьш лаьттахь охьабохкура, Ӏийсан когаш хьалха. Ткъа Цо уьш тобора. 31Адамаш чӀогӀа цецдуьйлура шайна мотт ца хууш болу къора нах къамел деш гича, заьӀапхой тобелча, астагӀа берш, шерра ког а боккхуш, дӀабоьлхуш гича, бӀаьрзе берш са ган буьйлабелча. Уьш Исраилан Далла хастамаш беш бара.

Виъ эзар стаг вузавар

(Марк 8:1-10)

32Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц. Уьш меца дӀабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чӀогӀа гӀел ца балийта».

33Мурдаша Цуьнга элира: «ХӀокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хӀума?»

34Ӏийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?»

Цара жоп делира: «ВорхӀ бепиггий, масех чӀарий бу».

35ТӀаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра. 36ВорхӀ бепиггий, чӀерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дӀадоькъура иза. 37Массара а шаьш дуззалц хӀума йиира. ТӀаьхьайисина йолу яа хӀума мурдаша схьагулйича, ворхӀ тускар хьаладуьзира. 38Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а. 39Нах дӀасабевллачул тӀаьхьа Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Магдан-гӀалина улло дӀавахара.
Copyright information for CheCAC2012