Matthew 16
Ӏийсана тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
(Марк 8:11-13; Лака 11:29-32)
1 a Парушхой а, садукъой а баьхкира Ӏийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла. 2Ӏийсас цаьрга элира: «Малх дӀабузучу хенахь аша олу: „Кхана хаза хенан хӀоттам хир бу, стигал цӀийелла йолу дела“. 3Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хӀунда аьлча стигал цӀарула-цӀен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна. 4 bБоьхачу а, телхинчу а тӀаьхьено тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Ӏийса дӀавахара.Парушхойн а, садукъойн а муьста бод
(Марк 8:14-21)
5Хих дехьабовлуш, Ӏийсан мурдашна бепиг схьаэца дицделлера. 6 cТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Варелаш, ларлолаш садукъойн а, парушхойн а муьстачу бедах». 7И дешнаш шайна юкъахь дийцаре динчул тӀаьхьа цара элира: «Цо иза аьлла хир ду, вай новкъа довлуш бепиг схьа ца эцна дела». 8Ӏийсана-м хууш хилла цара дуьйцуш дерг. Цундела Цо элира: «Делах кӀезиг тешарш! ХӀунда боху аша шайгахь бепиг дац? 9 dХӀинца а ца кхетта шу цунах? Дагадаийтийша шайна тохарлера пхи бепиг, пхи эзар стагана вуззалц даъал хилла долу. Цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а дагадаийта. 10 eТкъа шуна дага ца догӀу виъ эзар стаг вузийна долу ворхӀ бепиг а, цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а? 11ХӀунда ца кхета техьа шу Аса баьпках лаьцна ца дуьйцийла? Аса шуьга ларло бохург парушхойн а, садукъойн а бод совсош тухуш болу муьста бод бу». 12ТӀаккха уьш кхийтира Ӏийсас шайга дийцинарг бод совсош болу муьста бод боцийла. Цо уьш ларбеш дерг парушхойн а, садукъойн а хьехамаш бара.Кипас Ӏийсах лаьцна аьлларг
(Марк 8:27-30; Лака 9:18-21)
13Ӏийса Пилап-паччахьан гӀалин уллорачу метте веача, Цо шен мурдашка хаьттира: «Наха Адамийн КӀант мила ву боху?» 14 fЦара элира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Эли-ЯхӀу-пайхамар, ткъа кхозлагӀчара Хьо Ярми-ЯхӀу, я кхечу пайхамарех цхьаъ ву боху». 15ТӀаккха Цо цаьрга хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» 16 gШамӀа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КӀант ву». 17Цо аьллачунна дуьхьал Ӏийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамӀа, Юнин кӀант, хӀунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна. 18Аса боху хьоьга: хьо, тӀулг санна волу, Кипа ву. Цу тӀулга тӀехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цӀеран а иза йохо ницкъ хир бац. 19 hАса стигалийн Олаллера догӀанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду». 20Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дӀа ма ала аьлла.Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Марк 8:31–9:1; Лака 9:22-27; Марк 8:31–9:1)
21Цу хенахь дуьйна Ӏийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Ӏеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. 22Кипа, Иза юьстах а ваьккхина, дуьхьало ян волавелира: «Дала тӀе ма доуьйтийла иза, Веза Эла! И тайпа хӀума Хьуна тӀе ма кхочийла!» 23Кипига юха а вирзина, Цо элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Ахьа Суна новкъарло йо, хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю». 24 iӀийсас Шен мурдашка элира: «Суна тӀаьхьахӀотта лууш болчара шайн „со“бохург дӀататта деза, шайн баланийн мохь ▼▼Баланийн мохь – бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: жӀаран бӀогӀам.
схьа а эцна, Суна тӀаьхьахӀитта а беза. 25 kХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачунна бакъдолу дахар карор ду. 26ХӀун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХӀун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча? 27 lАдамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина. 28Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале, Адамийн КӀант гур ву, Шен Олаллица схьавогӀуш волу!»
Copyright information for
CheCAC2012