Matthew 17:14-18
Жино хьийзош волу кӀант туовар
(Марк 9:14-29; Лака 9:37-43)
14Ӏийса адамаш долчу юхавирзича, Цунна тӀевеара цхьа стаг. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: 15«Веза Эла! Къинхетам бехьа сан кӀантах! Иза лазар догӀуш ву. Цо чӀогӀа Ӏазап хьоьгу. Лазар тӀедеъча, иза цӀерга а вужу, хи чу а волу. 16Аса Хьан мурдаш болчу валийнера иза, амма цаьрга цунна дарба дан ца делира». 17Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!» 18Ӏийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кӀант товелира.
Copyright information for
CheCAC2012