‏ Matthew 18:12-14

12Шуна муха хета? Шен бӀе уьстагӀ берг, царна юкъара цхьа уьстагӀ дӀакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагӀ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дӀакъаьстина уьстагӀ лаха гӀур вац? 13Ас баккъалла а боху шуьга: шена дӀакъаьстина цхьа уьстагӀ схьакарийча, лам чохь бисинчу безткъе ткъайоьсна уьстагӀал оцу цхьана уьстагӀах цуьнан самукъадер ду. 14Иштта шун стигалахь волчу Дена а ца лаьа цу лахара болчарах цхьа а дӀакъастийта».
Copyright information for CheCAC2012