Matthew 20:29-34
Ӏийсас бӀаьрзе ши стаг туовар
(Марк 10:46-52; Лака 18:35-43)
29Ӏийсай, Цуьнан мурдашший Ерихон-гӀалара дӀабоьлхучу хенахь, царна тӀаьхьа лелаш адамийн тобанаш яра. 30Некъа йистехь хиъна Ӏаш волу бӀаьрзе ши стаг, Ӏийса уллохула тӀехволуш шайна хаавелча, мохь а тухуш, вистхилира: «Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, Даудан КӀант!» 31Тобанна юкъара нах, гӀовгӀа ма е а бохуш, вуьш чехо хӀоьттича, цара кхин а чӀогӀа мохь хьаькхира: «Веза Эла! Даудан КӀант! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла. 32ТӀаккха Ӏийсас, саца а сецна, уьш Шена тӀекхайкхира. Цо цаьрга хаьттира: «Аса хӀун дойла лаьара шуна?» 33Цара Цуьнга элира: «Эла! Тхуна тхан бӀаьргаш схьаделладала лаьара». 34Царах къа а хетта, Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Церан бӀаьрса цу сохьта схьадеара. И ши стаг Цунна тӀаьхьахӀоьттира.
Copyright information for
CheCAC2012