Matthew 22:41-46
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
(Марк 12:35-37; Лака 20:41-44)
41ТӀаккха Ӏийсас схьагулбеллачу парушхошка хаьттира: 42«ХӀун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КӀант ву Иза?» Цара Цуьнга элира: «Даудан КӀант ву». 43Ӏийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахӀоттийна волчу Дауда хӀунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу: 44 a„Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле:‘Суна аьтту агӀор охьахаа,
Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’“.
45Дауда „Хьалдолу Эла“ву аьлла, Цуьнан цӀе йоккхуш хилча, Иза муха хир ву Даудан кӀант?» 46Цхьаммо а, цхьа дош аьлла а, жоп ца делира Цунна дуьхьал. ХӀетахь дуьйна схьа Ӏийсага цхьа а хаттар дан ца хӀуттура уьш.
Copyright information for
CheCAC2012