Matthew 24
Делан цӀа дохор хиларх лаьцна
(Марк 13:1, 2; Лака 21:5, 6)
1 Делан цӀа долчуьра схьавогӀуш вара Ӏийса. Цу цӀийнан кертахь йолу гӀишлош Цунна гайтархьама, Ӏийсана тӀебаьхкира Цуьнан мурдаш. 2Цо цаьрга элира: «ХӀара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хӀаллакдийр ду, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».ТӀаьхьарчу заманан билгалонаш
(Марк 13:3-13; Лака 21:7-19)
3Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь хиъна Ӏачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тӀебаьхкира. Уьш Ӏийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тӀаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?» 4Цаьрга Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш. 5Аса иза боху, хӀунда аьлча дуккха а богӀур бу Сан цӀарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“Дукхахберш Ӏехор бу. 6ТӀемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц. 7Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь мацалла а хӀуттур ю, мохк а бегор бу. 8Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. 9 aШу Ӏазапанний, Ӏожаллиний кара дӀалур ду. Сан цӀе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу. 10Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю. 11Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу. 12Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу. 13 bАмма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву. 14И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дӀакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тӀаьхьа тӀекхочур ю дуьненан чаккхе».Боккха гӀайгӀа-бала
(Марк 13:14-23; Лака 21:20-24)
15 c«Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хӀума“езачу метте дӀахӀоьттина шайна гича, – (хӀара доьшург нийса кхетийла!), 16тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла. 17 dТкъа тхов тӀехь нисвелларг, цу тӀера охьавоьссича, цӀа чу ма воьдийла, шен цхьа хӀума схьаоьцур яра аьлла. 18Аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла. 19Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 20Деле дехалаш, шаьш девдда дӀадаха дезаш йолу хан Ӏай я шоьтан садоӀучу дийнахь ма нисъялийта алий. 21 eХӀунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тӀаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана. 22Дала и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара. Амма Ша хаьржинчеран дуьхьа и денош Цо дацдина хир ду. 23Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“я „Цигахь ву шуна!“алахь, цунах ма тешалаш, 24хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Ӏехорхьама. 25ЛадогӀалаш! Аса иза хьалххехь шуьга дӀахьедо. 26 fНагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“цига ма гӀолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цӀа чохь ву!“алахь, царах ма тешалаш, 27хӀунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тӀехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КӀентан схьавар. 28 gХӀунда аьлча дакъа долчохь схьагуллур ю хьаргӀанаш ▼▼ХьаргӀанаш – грекийн маттахь: ломъаьрзунаш.
а». Адамийн КӀант схьавар
(Марк 13:24-27; Лака 21:25-28)
29 i«Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу,батто а серло лур яц,
стигалара седарчий а охьаоьгур ду,
стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю.
30 jЦу сохьта стигалахь Адамийн КӀентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гӀайгӀане хир ду. Стигаларчу мархашна тӀехула схьавогӀуш Адамийн КӀант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу. 31Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьӀӀера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».
Комарийн дитт масална далош дина дустар
(Марк 13:28-31; Лака 21:29-33)
32«Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 33Иштта, и хӀуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КӀентан зама герга юйла а, Иза неӀарехь вуйла а. 34Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале, хир ду и дерриге а. 35Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».Де а, сахьт а цхьанна а ца хаьа
(Марк 13:32-37; Лака 17:26-30, 34-36)
36«Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна. 37 kНохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КӀант схьавогӀуш. 38ХӀунда аьлча хьалха, хи тӀедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц. 39 lХӀумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тӀе а даьлла, хӀаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КӀант схьавогӀучу хенахь а. 40Цу заманчохь шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. 41Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю. 42Цундела сема хилалаш, хӀунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогӀур ву шун Веза Эла. 43 mКхин цхьа хӀума а дагахь латтаде: хӀусамдена къу буьйсанна маца вогӀур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта. 44Цундела шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».Тешаме а, тешам боцу а ялхо
(Лака 12:41-48)
45«Муха хуьлу тешаме а, кхетаме а волу ялхо? Иза ву вукху ялхошна тӀехӀоттийнарг, царна шен-шен хенахь яа хӀума дӀа а луш. 46Декъал хир ву, шен хьолада цӀа веача, цунна иштта лелаш гун волу ялхо. 47Бакъдерг боху шуьга: хьоладас иза шен берриг а бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву. 48Амма, масала, и ялхо, шен даг чу оьгӀазло а йиллина, ша-шега: „Сан эла кестта цӀа вогӀур вац“бохуш, 49вукху ялхошна коча а оьхуш, ша санна болчу маларш муьйлуш болчаьрца тӀех сов дууш, маларш муьйлуш Ӏаш хир ву. 50Иза цӀа варе ца хьоьжучу дийнахь а, цунна дагахь доцучу хенахь а, цу ялхочун олахо цӀа кхочур ву. 51ХӀусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дӀа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012