aАрадаккхар 12:1-27.
Matthew 26:1-5
Ӏийса вен бина болу барт
(Марк 14:1, 2; Лака 22:1, 2; Яхьъя 11:45-53)
1Ша къамел дина ваьллачул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира: 2 a«Шуна хууш ду ши де даьллачул тӀаьхьа „Пасахь“олу деза де тӀекхочуш дуйла а, Адамийн КӀант жӀарах дӀатоха дӀалур вуйла а». 3ТӀаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цӀе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира. 4Цара барт бира Ӏийса хӀилланца схьалаца а, вен а. 5Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта».
Copyright information for
CheCAC2012