‏ Matthew 4

Ӏийса зер

1 aЦул тӀаьхьа Делан Сино Ӏийса яьссачу аренга дӀавигира, иблисе Иза зейта. 2Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дӀадаьлча, Иза чӀогӀа мацвелла хьаьвзира. 3Иблисо, Цунна тӀе а дахана, элира: «Хьо Делан КӀант велахь, хьуьлла Ӏохкуш долчу тӀулгашна тӀедожаде, бепиг хила алий».

4 bӀийсас жоп делира: «Делан Йозанна тӀехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хӀора дош ду“».

5ТӀаккха иблисо, Ӏийса езачу Ярушалайм-гӀала а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. 6 c«Хьо Делан КӀант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».

7 dӀийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“».

8ТӀаккха иблисо валийра Ӏийса боккхачу лам тӀе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а. 9«И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дӀалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хӀоьттина, Ӏибадат дахь!»

10 eӀийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»

11Иблис Ӏийсана тӀаьхьара дӀадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гӀуллакх а деш.

Ӏийса Галилайхь хьехамаш бан волало

(Марк 1:14, 15; Лака 4:14, 15)

12 fЯхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Ӏийса Галилай-махка юхавирзира. 13 gНазарт-гӀала а йитина, Иза Къапарнам-гӀалахь ваха хиира. И гӀала Галилай-Ӏомана йистехь Ӏохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тӀехь хилла. 14Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг: 15 h«Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а,
Галилай-хӀорда тӀекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай!
16Боданехь Ӏийначу халкъана йоккха серло гира!
Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!»

17 iЦу хенахь дуьйна схьа Ӏийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохуш.

Ӏийсас веа стаге, Шен мурдаш хила олий, кхойкху

(Марк 1:16-20; Лака 5:1-11)

18Цхьана дийнахь, Галилай-Ӏам йистехула дӀавоьдуш, Ӏийсана ши ваша гира: ШамӀий, тӀаьхьо Кипа аьлла цӀе тиллина волу, Ӏандаррий. Уьш чӀерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чӀерий лоьцу бой тосуш воллура.

19«Суна тӀаьхьахӀитта, – элира цаьрга Ӏийсас, – ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».

20Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.

21Уьш дӀабоьлхуш, Зевадин ши кӀант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Ӏийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чӀерий лоцу бойнаш тоеш. Ӏийсас уьш а кхайкхина тӀебалийра. 22Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.

Ӏийсас дукха нахана хьехам бар а, дарбанаш дар а

(Лака 6:17-19)

23 jӀийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. 24Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дӀадаьржира. Ӏийса волчу ба̄лабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догӀуш берш а, шен дегӀан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора. 25Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Ӏаш долу адамаш а.
Copyright information for CheCAC2012