‏ Matthew 4:23-25

Ӏийсас дукха нахана хьехам бар а, дарбанаш дар а

(Лака 6:17-19)

23 aӀийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. 24Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дӀадаьржира. Ӏийса волчу ба̄лабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догӀуш берш а, шен дегӀан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора. 25Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Ӏаш долу адамаш а.
Copyright information for CheCAC2012