‏ Matthew 5

Ламанан басе тӀера кхайкхам бар

1Цхьана дийнахь Ӏийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Ӏийсана тӀе гулбелира Цуьнан мурдаш. 2ТӀаккха Ӏийса царна хьехам бан волавелира:

Декъалбинарш

(Лака 6:20-23)

3«Декъалбина бу миска са долуш болу нах – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу.
4 aДекъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду.
5 bДекъалбина бу эсала амал ерш – дерриг а дуьне церан хир ду.
6 cДекъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала церан лаам кхочушбийр бу.
7Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам.
8 dДекъалбина бу цӀена дог дерш – царна Дела гур ву.
9Декъалбина бу нахана юкъахь машаре гӀуллакх лелорш – царна, Делан бераш ду аьлла, цӀе туьллур ю.
10 eДекъалбина бу, бакъонна тӀаьхьахӀиттина аьлла, таӀзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу».

Сийсаздарна дуьхьало яр

(Марк 9:50; Лака 14:34, 35)

11 f«Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тӀаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. 12 gХазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».

13 h«Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дӀабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дӀакхоссан бен, цхьанна а хӀуманна пайденна дац.

14 iШу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гӀала къайлаяккха йиш яц. 15 jИштта латийна йолчу стогарна тӀехула кхаба ца хӀоттайо – иза лаккхахь дӀахӀоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта. 16 kНахана шуьгара серло гойла, шун дика гӀуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».

Товрат-хьехамах лаьцна

17«Ма мотталаш, Со товрат тӀера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дӀадаха веана. Со и хьехамаш дӀабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву. 18 lАса чӀагӀо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дӀадоккхур дац, цу тӀехь аьлларг кхочушхиллалц. 19Товрат-хьехам тӀера кӀеззиг долу хӀума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тӀедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дӀа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву. 20Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Ӏелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тӀелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц».

ОьгӀазлонах лаьцна

21 m«Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Адам ма де. ХӀора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“. 22Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгӀазвахана волу хӀора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Ӏовдал!“аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таӀзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хӀума!“– аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цӀера хьалха а хӀоттийна, жоьпе озор ву. 23Цундела хьуо Далла сагӀа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагӀахь, 24и совгӀат сагӀа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тӀаьхьа дийр ду ахьа Далла гӀуллакх.

25Хьо кхелахочуьнга дӀавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дӀакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гӀо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дӀалур ву, ткъа цо гӀаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву. 26Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».

Майра зудчунна тешаме хиларх лаьцна

27 n«Шуна хезний: „Нахаца ма лела“, – аьлла хилар? 28Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дӀахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дӀадаьккхина. 29 oНагахь санна хьан аьтту бӀаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах ва̄лар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул. 30 pХьайн аьтту куьг къилахь долчунна тӀегӀерташ делахь, и куьг дӀа а даккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах ва̄лар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул».

ДӀасакъастарх лаьцна

31 q«Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дӀасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“. 32 rТкъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дӀасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тӀе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо».

Дуй баарх лаьцна

33 s«Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“. 34 tТкъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чӀагӀо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. 35 uЛаьттах а ма е чӀагӀо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гӀала ю. 36Шайн коьртах лаций а ма е чӀагӀо, хӀунда аьлча коьртара цхьа чо я кӀайбан а, я Ӏаржбан а шун ницкъ кхочур бац. 37Шаьш, „хӀаъ“аьлла, чӀагӀо яхь, иза „хӀаъ“хилийта. „ХӀан-хӀа“шайн ала дезахь, цу тӀехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг – иблисан лаам бу шуна».

Бекхам барх лаьцна

38 v«Шуна хезна ду хьалха аьлла хилларг: „Хьайн бӀаьрг баккхахь, – цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха“. 39Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тӀе тӀара тоьхнехь, аьрру агӀор йолу бесни а зуламхочунна тӀеерзае. 40Кхелехь хьуна тӀера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дӀало. 41Хьайна ницкъ а беш, хьайга эзар гӀулч яккхийта гӀортахь, ши эзар гӀулч а йоккхуш, дӀагӀо. 42Хьайга хӀума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе».

МостагӀчуьнга болчу безамах лаьцна

43«Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагӀчуьнца гома а хила“. 44Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагӀий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – 45шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогӀа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. 46Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хӀун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна. 47Шайн вежаршка бен аша салам луш ца хилча, цунах тамаш бан меттиг яц шуна. И санна йолу юкъаметтиг дин доцучу наха а лелайо шуна. 48 wЦундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».
Copyright information for CheCAC2012