‏ Matthew 5:34-37

34 aТкъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чӀагӀо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. 35 bЛаьттах а ма е чӀагӀо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гӀала ю. 36Шайн коьртах лаций а ма е чӀагӀо, хӀунда аьлча коьртара цхьа чо я кӀайбан а, я Ӏаржбан а шун ницкъ кхочур бац. 37Шаьш, „хӀаъ“аьлла, чӀагӀо яхь, иза „хӀаъ“хилийта. „ХӀан-хӀа“шайн ала дезахь, цу тӀехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг – иблисан лаам бу шуна».
Copyright information for CheCAC2012