Matthew 9:14-17
Марха кхабарх лаьцна
(Марк 2:18-22; Лака 5:33-39)
14Яхьъян мурдаша, Ӏийсана тӀе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!» 15Ткъа Ӏийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гӀайгӀане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тӀедогӀур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дӀавуьгун волу цхьа де. ТӀаккха хир бу уьш гӀайгӀане, марха кхаба а болалур бу. 16Цхьаммо а ца латайо цӀеначу кӀадих тишачу бедарна йома, хӀунда аьлча и йома гатъелла, оза а елла, дӀахӀоьттича, бедар тӀера Ӏуьрг кхин а доккха хир ду. 17Керла чагӀар тишачу пӀаьлдиг чу а ца дутту. ПӀаьлдиг бетӀар бу, чагӀар чуьра охьагӀур ду. ПӀаьлдиг а хӀаллакьхир бу. Амма керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту: пӀаьлдиг а, чагӀар а шен меттехь хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012