Micah 1
Везачу Эло Мика-ЯхӀуга хаам бар
1 aЯхӀуд-мехкан паччахьаша – Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхӀус – паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхӀуна дӀаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цӀераш йолчу гӀаланех хиндерг.Шамран а, Ярушалайм а гӀаланех болу тийжам
2ЛадогӀа массо а халкъаша,тергам бе лаьтто а, цунна тӀехь мел долчо а!
Шуна дуьхьал теш хуьлийла сан Хьалдолу Эла,
Шен дезачу цӀийнера волу Веза Эла!
3ХӀунда аьлча Шен езачу меттигера араволуш ву Веза Эла.
Охьа а ваьлла, лаьттан лакхенаш хьоьшур ю Цо –
4Цунна кӀелахь лаьмнаш дешар ду,
цӀергахь лела балоз санна,
уьш тогӀеш чу текхар ду,
гуна тӀера охьадогӀу хи санна.
5Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла а, Исраилан халкъо летийна къинош бахьана долуш ду и дерриге а. ХӀун бахьаница ю Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла? Шамран-гӀалица йоьзна юй те иза? ХӀун бахьаница бу ЯхӀуд-махкахь цӀушна сагӀа доккху гунаш? Ярушалаймаца доьзна-м дац те иза? 6Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гӀаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тӀулгаш тогӀи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш. 7Дерриге а цуьнан Ӏамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгӀаташ цӀергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цӀуш бохабойтур бу. ЦӀуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгӀаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дӀалур ду». 8Юха Мика-ЯхӀус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Ӏуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангӀалкх санна, угӀур ву, бухӀа санна, воьлхур ву, 9хӀунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхӀуд-махкана а дӀакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза».
МостагӀа Ярушалаймана тӀевогӀу
10Иза Гати-гӀалахь ▼▼Гати... Байт-Ӏапру – кхузахь ирони ю. Оцу аяташкахь пайхамаро дуьйцу цхьайолчу гӀаланех а, яртех а лаьцна. Церан шатайпа цӀераш яра, ткъа и цӀераш шайн-шайн маьӀнаш долуш ю.
дӀа ма кхайкхаделаш, цигахь хозуьйтуш ма делхалаш (Гати – «кхайкхо» бохург ду). Амма Байт-Ӏапру олучу юьртахь шайна тӀе чан тасалаш (Ӏапру – «чан» бохург ду). 11Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гӀалин бахархой, керлачу метте дӀакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дӀабовдалур бац. (Цаинун – «довда» боху маьӀна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац. 12Марут-гӀалин бахархой шайна гӀо даре сатесна бу, хӀунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут – цуьнан «къаьхьа» бохург ду). 13Лахиш-гӀалин бахархой, чехка говраш дӀайожа гӀудалкхана (Лахиш – цуьнан маьӀна «гӀудалкх» бохург ду). Шу Ярушалайман бахархойн къинойн юьхьиг ю, хӀунда аьлча шуна тӀера дӀадоладелла Исраилан халкъан зуламаш. 14Иштта аша Муршат-Гати-гӀала совгӀаташ дӀакхоьхьуьйтур ду, амма Ахзиб-гӀала Исраил-мехкан паччахьаш Ӏехорна хир ю (Муршат – цуьнан маьӀна «зудчух луш болу там» бохург ду). 15Марешера бахархой, Ас шу мостагӀчун кара дӀалур ду (Мареш – цуьнан маьӀна «толамхо» бохург ду). Исраилан халкъан куьйгалхой, бевдда, Ӏадулам-хьехана чохь къайлабевр бу. 16Дукха дезачу шайн берашна шаьш гӀайгӀанехь хиларна, шайн коьртара месаш дӀаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха.
Copyright information for
CheCAC2012