Micah 2
ГӀело ечарна хинболу бекхам
1Декъаза бу хьарамдерг дагалаьцнарш, шаьш Ӏохкучу меттахь зулам дан дагадеанарш. И зуламаш Ӏуьйранна сатосуш кхочушдо цара, шайн карахь ницкъ болу дела. 2Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цӀенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цӀа а, стаг а, цуьнан бахам а чӀанабоккху. 3Цундела Везачу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хӀокху тайпана, цуьнга шен кочара цкъа а дӀабаккхалур боцу, бохам бан дагалаьцна. Кхин цкъа а шайн корта хьалаайина лелалур бац уьш, хӀунда аьлча хӀара зама луьра ю. 4Оцу дийнахь шух лаьцна тийжамаш бийр бу, шийлачу маьхьаршца белхарш дийр ду. Цара бохур ду:„Тхо кхоччуш дохийна!Везачу Эло сан халкъан дакъа кхечарна дӀаделла.
Иза соьгара схьадаьккхина ма ду!
Тхан аренаш а тхуна талор динчу хийрачу нахана дӀасаекъна Цо“».
5Иштта Везачу Элана хьалха болчу гуламехь, латта доькъучу хенахь, цунах дакъа схьаэца хьан цхьа а хир вац. 6Наха боху: «Пайхамаралла ма де, хӀай пайхамарш! Ма де тхуна пайхамаралла. Тхо сийсаздаьхна хир дац». 7Ва Якъубан цӀа олург! Везачу Элан собар кхача-м ца дина те? Иштта гӀуллакхаш билггал дийр ду те Цо? Нийсо лелочарна дика там ца хуьлу те Цуьнан дешнех? 8«Хьалха Сан хилла долу халкъ, мостагӀа санна, дуьхьалдаьлла. Ткъа аша тӀамера юхабоьрзучу, машаре шайна тӀехбовлучу нехан тӀехулара а, чухулара а бедарш схьайоху. 9Сан халкъан зударий церан исбаьхьачу цӀенош чуьра арабоху аша. Церан берашкара гуттаренна схьадоху аша Сан декъалдарш. 10ХьалагӀовтта, дӀагӀо, хӀунда аьлча хӀара мохк – синтем болу меттиг яц. Цо лелош йолу хьарамлонаш бахьана долуш, къиза бохор болуш бу иза. 11Нагахь санна цхьана даьсса къамелаш дечо, аьшпаш а кхоьллина: „Ас чагӀарх а, нихах а лаьцна хаамаш бийр бу“, – аьлча, цунах хӀокху халкъана тамехь волу пайхамар хир ву. 12Ас Якъубан цӀа билггал схьагулдийр ду. Ас Исраилан халкъах диснарг а билггал схьагулдийр ду. Аса уьш, жоьлахь уьстагӀий санна, даьхнин кертахь жа санна, цхьаъ а дина, цхьаьнатухур бу. Цара шаьш дукха хиларна гӀовгӀа йоккхур ю». 13Царна хьалха̄хула, пенаш а дохош, Дела чекхвер ву. ГӀалин ков доха а дина, арабевр бу уьш. Церан паччахь царна хьалхаваьлла дӀагӀур ву. Ткъа церан коьртехь Веза Эла хир ву.
Copyright information for
CheCAC2012