Micah 3
Исраилан халкъан баьччанаш Ӏорабахар
1ТӀаккха ас элира: «ЛадогӀа, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой! Шу дац ткъа бакъдерг хаа декхарийлахь? 2Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш тӀера дилха доккху. 3Сан халкъан дилха аша доу, царна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо». 4ТӀаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дӀаерзор ю царах, цара зулам дина дела. 5Сан халкъ тилош болчу пайхамарех лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Шайна кхаъ кхаллочарна цара машар кхайкхабо, ткъа шайн бага хӀума ца юьллучарна цара тӀом дӀахьебо. 6Цундела хӀуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Ӏаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. 7Хиндерг хуучарна эхь хетар ду, палтуьйсурш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Цара массара а шайн батош дӀакъовлур ю, хӀунда аьлча царна Делера жоп хир дац». 8Ткъа со Везачу Элан Синах, бакъдолчух а, чӀагӀонах а вуьззина ву Якъубан тӀаьхьене цуьнан зуламаш а, Исраилан халкъе цуьнан къинош а дӀадийцархьама. 9ЛадогӀа соьга, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой, бакъйолчу кхелах ца дешарш, нийса мел дерг гам дийраш, 10Цийон-лам тӀера Ярушалайм цӀийца а, харцдолчуьнца а хьалахӀоттош дерш! 11Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тӀетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тӀе бала богӀур ма бац!» – бохуш. 12 aЦундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю.
Copyright information for
CheCAC2012