‏ Micah 4

Везачу Элан дуьнен тӀехь долу машаран паччахьалла

(ЕшаӀ-ЯхӀу 2:2-4)

1ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цӀийнан лам
массо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу.
Иза массо а баьрзнел лакхабер бу,
ткъа цунна тӀе халкъаш оьхур ду.
2Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду:
«Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а,
Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду.
Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду.
ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду».
ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу,
ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.

3 aЦо дукха халкъашна юкъахь маслаӀат дийр ду,
генарчу мехкашкахь дукхачу къаьмнашна юкъара къовсамаш совцор бу.
ТӀаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу,
ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду.
Цхьана халкъо вукху халкъана тӀе тур ойур дац.
Уьш тӀом бан кхин Ӏемар бац.
4 bАмма хӀорра а шен-шен кемсийн таьллангана кӀел а,
шен-шен инжиран дитта кӀел а хиъна Ӏийр ву.
Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац,
хӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза.

5Массо а халкъаш шайн деланийн дуьхьа лелаш ду. Ткъа вай вешан Дела волчу Везачу Элан дуьхьа лелар ду абаденналц.

Исраилан халкъ йийсарера юхадерзар

6«Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас астагӀнаш схьагулбийр бу, генна дӀасалаьхкинарш а, Айса бохам тӀебаийтинарш а цхьаьнатухур бу. 7Ас астагӀчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дӀасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тӀехь оцу хенахь дуьйна абаденналц.

8Ткъа хьо, жен бӀов, Цийон-ломан йоӀан чӀагӀо! Хьан хьалхалера олалла, хьуна юха а деана, хьоьга юхадоьрзур ду. Паччахьалла Ярушалайман йоӀе доьрзур ду». 9Стенна хьоькху ахь и шийла мохь? Паччахь вац ткъа хьан? Я хьо цхьа а хьехамча воцуш-м ца йисина, берах хьийзош ерг санна, лазарша сел чӀогӀа дӀалаццал? 10Цийонан йоӀ, холчу хӀотта, бер дечу зудчо санна, лазарех баланаш хьега, хӀунда аьлча хьо хӀинца, гӀалара ара а яьлла, аренгахь ехар ю. ТӀаккха хьо Бавел-гӀала кхочур ю. Хьо цигахь кӀелхьаръер ю. Везачу Эло хьо цигахь хьан мостагӀийн мехах карара паргӀатйоккхур ю. 11Ткъа хӀинца-м дукха халкъаш хьуна дуьхьалдовла схьагулделла. Цара боху: «Сийсазъяьккхина хуьлийла иза! БӀаьрг бузийла вайн Цийон-ломе а хьежна!» 12Амма Везачу Элан ойланаш царна ца евза, Иза дан воллучух а уьш ца кхета. Цо, хьаьтта цӀевнаш санна, шаьш схьагулдина хиларх а ца кхета.

Везачу Эло боху: «Цийонан йоӀ, хьалагӀатта, ялта ара! ХӀунда аьлча Ас, аьчка маӀаш а, цӀестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хӀаллакдийр ду. Ахь цара нахера дӀадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дӀалур ду».13

Copyright information for CheCAC2012