Micah 5
1Ярушалайман халкъ, мостагӀашна дуьхьалдаккха хӀинца хьайн эскар! Вайна го лаьцна. Исраил-мехкан куьйгалхочунна юьхь тӀе Ӏаса еттар ю.Дала леррина Къобалвинчуьнга сатийсар
2 a«Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу гӀаланашна юкъахь уггаре а кӀезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». 3Цундела Везачу Эло Исраилан халкъ церан мостагӀийн кара дӀалур ду, берах йолчо бер даллалц а, халкъах къаьстина вежарий исраилхойх дӀакхетталц йолчу ханна. 4ТӀаккха Цо, хьала а гӀаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цӀеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хӀунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дӀакхаччалц сийлахь хир ву. 5Цуьнца машар хир бу.ПаргӀатдовлар а, таӀзар дар а
Ашурхой, вайн махка чу а баьхкина, вайн гӀепаш а кегъеш, чекхбевлча, вай царна дуьхьал тӀом бан вешан нуьцкъала тхьамданаш бохуьйтур бу ▼▼Вай царна дуьхьал тӀом бан вешан нуьцкъала тхьамданаш бохуьйтур бу – ма-дарра аьлча, тептар тӀехь иштта дӀаяздина ду: вай цунна ворхӀ Ӏу а, бархӀ тхьамда а дуьхьалвоккхур ву. Цу терахьаша Ӏебархойн маттахь гойту хӀума дийнна а, нуьцкъала а хилар.
. 6 cЦара Ашуран лаьтта тӀехь туьраца, ткъа Намрадан лаьтта тӀехь даьккхинчу туьраца олалла дийр ду. Ткъа Цо вай ашурхойх паргӀатдохур ду, уьш вайн лаьтта тӀе а, вайн дозанашка а бевлча. 7Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тӀе догӀу кхевссина догӀа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Ӏийр а дац. 8Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагӀийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кӀелхьарваккхалур вац. 9Хьан куьг мостагӀашна тӀе айалур ду, уьш берриш а ахь хӀаллакбийр бу. 10«Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса хьан дой а хӀаллакдийр ду, гӀудалкхаш а йохор ю. 11Ас хьан лаьтта тӀера гӀаланаш а хӀаллакйийр ю, хьан массо а чӀагӀонаш а йохор ю. 12Хьан карахь болу жинашца тайнарш а хӀаллакбийр бу, палтуьйсурш а хьан хир бац кхин. 13Ас хьан цӀуш бохор а бу, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьуна юкъара хӀаллакдийр а ду, кхин Ӏамал йийр яц ахь хьайн куьйгашца йинчу хӀуманашна. 14Ас хьо дехачуьра Ашера-далла лерина долу дечиган хьан бӀогӀамаш дӀадохур ду, ткъа хьан гӀаланаш йохор ю. 15Ас муьтӀахь доцучу халкъашна Сайн оьгӀазаллехь а, эргӀадаллехь а бекхам бийр бу».
Copyright information for
CheCAC2012