‏ Micah 7

Исраилан халкъан эхь-бехк дар

1Декъаза ю со! ХӀунда аьлча хӀинца суна хилларг – аьхка схьалахьийначу стоьмех а, схьаяьхначу кемсех а тера ду: яа цхьа а кемсийн хорха а яц, со хьоьгуш йолчу мерзачу инжирех цхьа а яц. 2Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцӀенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кӀело йина, цӀий Ӏанорхьама. ХӀорра а шен вешина речӀа югӀуш ву. 3Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгӀаташ далар тӀедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Ӏедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу. 4Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг – кӀохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таӀзар ден долу де тӀекхочуш лаьтта. ХӀинца уьш боьхна хьийзар бу. 5Вовшех а ма теша, доттагӀчух тешна а ма Ӏе. Айхьа олу дош ларде хьайна юххехь Ӏуьллучух. 6 aХӀунда аьлча кӀанта да сийсазвоккху, йоӀ шен нанна дуьхьалйолу, нус шен марнанна дуьхьалйолу, стеган цӀеранаш цуьнан мостагӀий хуьлу.

7Амма сох лаьцна аьлча, со сайн Веза Эла варе хьоьжур ву, со сайн кӀелхьарваларан Деле сатуьйсуш хир ву. Сан Далла со дӀахезар ву.

Везачу Эло кӀелхьардовлар дахьа

8Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагӀа! Со охьавоьжнехь а, хьалагӀоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю. 9Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгӀазло дӀакхоьхьур ю, сан гӀуллакх цхьалха а даьккхина, суна тӀехь Цо кхел яллалц. ТӀаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю. 10Сан мостагӀчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьӀаьржачу хӀуттур ву. Сан бӀаьргаш Ӏебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича. 11Хьан пенаш дӀахӀиттон де тӀекхочуш ду, хьан дозанаш къасторан де ду иза.

12Оцу дийнахь Ашур-махкара, Мисар-мехкан гӀаланашкара, Мисарара Эпрат-хина тӀе, хӀордана тӀера хӀорда тӀе, ломана тӀера лам тӀе дӀакхаччалц богӀур бу хьуна тӀе. 13Ткъа оцу лаьттах яьсса аре хир ю, цуьнан бахархойн бехкана а, церан гӀуллакхийн тӀаьхьенаш бахьана долуш а.

Везачу Эло Исраилан халкъах бина къинхетам

14Хьайн халкъ, дежийлашна юкъахь йолчу хьуьнхахь шаьш дехаш долу Хьан тӀаьхьенан уьстагӀий, Хьайн коьжалгаца дажадехьа. Дежийла уьш, ширачу заманахь санна, Башанехь а, ГалӀадехь а!

15Мисар-мехкан лаьттара хьо арадоккхучу деношкахь санна, иштта инзаре гӀуллакхаш гойтур ду Везачу Эло цунна.

16Уьш гича, шаьш мел нуьцкъала делахь а, халкъаш озалур ду. Цара шайн батош дӀакъовлур ю, церан лергаш къорлур ду. 17Цара ченаш тӀе мотт хьоькхур бу, лаьхьано санна. Уьш шайн чӀагӀонаш чуьра арадевр ду, лаьттан нӀаьний санна. Уьш вайн Везачу Далла тӀе бегош боьрзур бу, Хьох кхоьруш а хир бу. 18Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтӀера волуш а? Хьо даим вац оьгӀазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.

19Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дӀашарйийр ю, Ахь кӀорггачу хӀорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош. 20Якъубан тӀаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахӀиман тӀаьхьенна Ахь къинхетам дӀагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваӀда деш лур ду аьлларг ду.
Copyright information for CheCAC2012