Nahum 1
1 aНунав-гӀалина дуьхьал Делера болу хаам. Элкхушахо волчу Нахьумна Дала хӀоттийначу суьртах лаьцна долу тептар.Дела Нунав-гӀалина оьгӀазвахар
2Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву.Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза.
Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо,
мостагӀашна дуьхьал моха а латтайо Цо.
3Веза Эла атта оьгӀаз а ца воьду,
Иза Шен ницкъаца сийлахь ву.
Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту.
Йилбазмохехь а, дарцехь а ду Везачу Элан волавалар,
мархаш – Цуьнан когаша хьалайоккху чан санна ю.
4Цо омра дича, хӀорд а бакъало,
дерриг хиш а лекъа.
Башан-мохк а, Кармал-лам а маргӀалбулу,
Ливанун-ломан зазанаш дакъало.
5Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо,
баьрзнаш а деша.
Цуьнан юьхьа хьалха латта а,
дерриг а дуьне а, дуьнен чохь
мел дехарг а дегадо.
6Мила латталур ву, Иза эргӀадвахча?
Хьан ловр ю Цуьнан чӀогӀа йолу оьгӀазалла?
Цуьнан дералла яьлла цӀе санна хиларна,
тархех Цунна хьалха чан хуьлу.
7Веза Эла ма дика ву.
Бохам тӀебеача, Иза дӀалочкъийла ву.
Шех бӀобулучарна Ӏуналла до Цо.
8Амма дерриге а дӀахьулдечу хин дестаро санна,
Цо кхоччуш дӀайоккхур ю Нунав-гӀала ▼
▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Цо кхоччуш дӀайоккхур ю Нунав-гӀала. Грекийн гочдар тӀехь: Шена дуьхьалбевлларш кхоччуш чаккхенга балор бу Цо.
.Шен мостагӀий Цо бодане дӀахьулбойтур бу.
9ХӀун дагадеана шуна Везачу Элана дан?
Цо шу кхоччуш хӀаллакдийр ду!
ШолгӀа шуна бохамаш бан оьшур дац.
10Коканан колл санна, вовшахъхьаьрчина болу мостагӀий,
баххалц мелла болу маларчаш санна, хӀаллакбина хир бу,
дагийна декъа ча санна, берриш а хӀаллакбина хир бу.
11Везачу Элана дуьхьал зулам дан дагалаьцнарг а, мекара хьехам бинарг а хьох схьаваьлла, Нунав-гӀала. 12Везачу Эло иштта боху: «Ашурхой нуьцкъала а, дукха а белахь а, уьш хӀаллакбина дӀабохур а бу, уьш къайлабевр а бу. ЯхӀудан халкъ, Ас хьуна хӀинццалц халонаш йинехь а, кхин халонаш йийр яц. 13ХӀинца Ас хьуна тӀехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю». 14Ткъа хьуна, Ашуран къам, Везачу Эло хӀара билгалдаьккхина: «ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хӀу хир дац хьан цӀе йоккхуш. Хьан деланийн цӀийнара дечиган а, лалийна бина болу а цӀуш хӀаллакбина дӀабохур бу Ас. Ас хьуна каш кечдийр ду, хьо мехала хӀума йоцу дела». 15 cХьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дӀакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогӀу! ЯхӀудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваӀданаш а кхочушде. ХӀинца чул тӀаьхьа Ӏесанаш хьан махка кхин чугӀертар бац, уьш кхоччуш хӀаллакбина дела.
Copyright information for
CheCAC2012