‏ Nahum 2

Нунав-гӀалина тӀелатар

1Бохам бийриг хьуна дуьхьалгӀаьттина,
ва Нунав-гӀала!
Ӏалашъе хьайн чӀагӀонаш,
ларбе хьайна тӀебогӀу некъ,
хьайн гӀодаюкъ ехка,
схьагулбе ницкъ.

2Веза Эла Якъубан тӀаьхьенан сийлалла меттахӀотто воллу,
Исраилан халкъан сийлалла меттахӀоттор ю,
бохам бечара церан латта дассийна делахь а,
церан кемсийн гаьннаш хӀаллакдина делахь а.

3Церан эскархойн турсаш цӀен ду.
Церан тӀемалой цӀен духар дуьйхина бу.
ЦӀе санна лепаш ду церан гӀудалкхийн эчиг
тӀамана кечам бинчу дийнахь,
техкаш ю гоьмукъийн хьун.

4ГӀудалкхаш урамашкахула дӀасахьаьдда,
майданашкахь къевкъа уьш.
Царах, цӀарах санна, лепар схьадолу,
къега уьш, секхаӀад санна.
5Куьйгалхочо шен тӀеман хьаькамаш схьакхойкху,
амма церан болар тийсало.
ГӀалин пенашна тӀекхача сихбелла уьш,
амма хӀинцале а дӀахӀоттийна бу
гӀалин ков харцош болу бӀогӀам
беттачеран ларйо хӀума.
6Хин кевнаш дӀаделлалуш ду,
паччахьан цӀа хӀаллакьхуьлуш ду.
7Сацам бина бу.
Зуда-паччахь ерзина йийсаре дӀаюьгуш ю.
ГӀарбашаш, кхокхарчий санна, узарш деш бу,
сингаттамца шайн накхош тӀе буйнаш а детташ.
8Нунав-гӀала ша мел ю
хих буьзна Ӏам санна яра,
ткъа хӀинца цуьнан нах бовду.
Совцийша! Совцийша! Амма
цхьа а юха ца хьожу.

9ДӀасадаккха дети, дӀасадаккха деши!
Цхьана а езачу пхьегӀан тӀаьхьалонан йист хедаш яц.

10Иза талораш дина, яссийна, хӀаллакйина.
Дог деша, голаш егайо.
Массеран меженаш чохь онда лазар ду.
Массеран яххьаш макхъелла.

11Мичахь бу хӀинца лоьмийн бен а,
лоьмийн кӀорнеш кхобуш йолу меттиг а
цхьаммо а ца кхерош лом-нана а,
лоьман кӀорнеш а лелла йолу?
12КӀорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо,
лом-нанна кхача балархьама са дукъадора,
шен хьехаш ижух а юзуш,
оьрнаш катоьхначух а дузуш.

13«ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Хьан гӀудалкхаш Ас кӀур бина ягор ю. Хьан лоьман кӀорнеш туьро юур ю. Хьан хӀонс а дӀайоккхур ю Ас лаьтта тӀера. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш».
Copyright information for CheCAC2012