‏ Nehemiah 1

1ХӀара дешнаш Хьахли-ЯхӀун кӀант волчу Нахьми-ЯхӀун ду:

Ярушалайм бахьана долуш Нахьми-ЯхӀу гӀайгӀанехь Ӏаш хилар

Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Кислав-баттахь со Шушан-гӀалин гӀопахь нисвеллера.
2Цу хенахь сан вежарех цхьаъ волу Хьанани а, цуьнца кхин масех стаг а ЯхӀуд-махкара схьавеана вара. Йийсарера кӀелхьара а баьхна, юхабирзинчу яхӀудхойх лаьцна а, Ярушалаймах лаьцна а цаьрга хаттарш дира Аса. 3Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кӀелхьарбаьхна болу яхӀудхой шайн махкахь бехаш, чӀогӀа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Ӏаш бу. И массо а хӀума Ярушалайман пенаш дохийна дӀадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду». 4И хӀума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доӀанаш дора аса. 5ТӀаккха сайн доӀанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! 6Хьан лергаш ладугӀуш хуьлийла, Хьан бӀаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доӀа деш волчу Хьайн лай волчу сан доӀа дӀахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богӀуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукӀарло до аса. 7Хьуна дуьхьал зуламениг леладора оха. Ахь Хьайн ялхо волчу Муса-пайхамарехула дӀаделла долу весеташ а, тӀедехкинарш а, парзаш а лар ца дора оха. 8 aХьайн ялхочуьнга Муса-пайхамаре Айхьа аьлларг дагадаийтахьара Ахьа Хьайна. Цуьнга Ахьа аьллера: „Нагахь санна шу тешаме ца хилахь, Аса шу кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасадаржор ду. 9 bАмма шу, Суна тӀе а дирзина, Сан весеташ тӀе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дӀаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Ӏибадат дайта а, Со шуьца Ӏан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.
10Исраилан халкъ – Хьан лай а, Хьан халкъ а ду, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а мах баккхарца паргӀатдаьккхина долу. 11Ва Хьалдолу Эла, Хьан цӀеран сийдар хазахеташ волчу Хьан лай волчу сан а, Хьан леш болчу нехан а доӀанашка дикка ладогӀахьара Ахьа! Тахана аьтто бехьа сан, паччахь соьца къинхетаме а хуьлуьйтуш».

Со паччахьан чагӀардуттург вара.
Copyright information for CheCAC2012