a Арадаккхар 34:16; Карлабаьккхинарг 7:3.
c Арадаккхар 30:11-16.
e Арадаккхар 23:19; 34:26; Карлабаьккхинарг 26:2.
f Арадаккхар 13:2.

‏ Nehemiah 10

Наха бина барт а, бартана кӀел куьг яздинарш а

1МухӀар а тоьхна, цу бартана кӀелахь куьг яздинарш бара: Хьахли-ЯхӀун кӀант, мехкада волу Нахьми-ЯхӀу а, ЦӀадукъ-ЯхӀу а. Динан дай: 2Сари-ЯхӀу а, Ӏазар-ЯхӀу а, Ярми-ЯхӀу а,
3Пашихьур а, Амар-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а,
4Хьатуш а, Шабни-ЯхӀу а, Малук а,
5Хьарми а, Мармути а, Ӏабди-ЯхӀу а,
6Даниал а, ГӀинтуни а, Барух а,
7Машулим а, Аби-ЯхӀу а, Мияман а,
8МаӀаз-ЯхӀу а, Билгай а, ШамӀа-ЯхӀу а. Уьш динан дай бара.

9ХӀорш левихойн цӀераш ю: Азан-ЯхӀу кӀант ЮшаӀ, Хьенидадан доьзалера волу Бинуй, Кхадмиал,
10церан гергарнаш болу Шабни-ЯхӀу, ХӀуди-ЯхӀу, Кхилати, Пали-ЯхӀу, Хьанан,
11Мика, Рахьуб, Хьашби-ЯхӀу,
12Закхур, Шараб-ЯхӀу, Шабни-ЯхӀу,
13ХӀуди-ЯхӀу, Бани, Банину.

14Халкъан баьччанаш: ПарӀуш, Пахьат-Муаби, Ӏейлам, Зату, Бани,
15Буни, ӀазгӀади, Бебай,
16Адан-ЯхӀу, БигӀвай, Ӏади,
17Атари, Хьузакх-ЯхӀу, Ӏазури,
18ХӀуди-ЯхӀу, Хьашум, Бецай,
19Хьарип, Ӏанатот, Неби,
20МагӀпиӀаш, Машулим, Хьецар,
21Маши-Забиал, ЦӀадукъа, ЯдуӀ,
22Палти-ЯхӀу, Хьанан, Ӏани-ЯхӀу,
23ХӀушаӀ, Хьанан-ЯхӀу, Хьашуби,
24ХӀалухьеш, Пилхьа, Шубакъ,
25Рахьим, Хьашбина, МаӀсей-ЯхӀу,
26АхьъяхӀу, Хьанан, Ӏанан,
27Малук, Хьарми, БаӀна.

Наха бинчу бертан чулацам

28«Ткъа халкъан кхиболчара – динан дайша а, левихоша а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхоша а, илланчаша а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а, Делан товрат-хьехаман дуьхьа шаьш кхечу къаьмнех болчарах дӀа мел къаьстиначара а, шайн зударшца а, кхетам болуш болчу массо а шайн кӀенташца а, йоӀаршца а – 29шайн вежарий болчу лоруш болчарах дӀа а кхетта, сардаман таӀзарх иштта чӀагӀо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тӀедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха.

30 aОха чӀагӀо йо тхайн зудабераш кхечу къаьмнех болчу нахе маре ца дахийта а, церан зудабераш тхайн кӀенташка схьа ца даладайта а.

31 bТхайна гонах дехаш долчу халкъаша шоьтан дийнахь а, я кхечу дезачу дийнахь а йохка хӀуманаш я кӀа деача, уьш цаьргара оьцур яц оха.

ХӀора ворхӀалгӀа деанчу шарахь тхайн кхаш тӀехь болх бийр бац оха, иштта тхайна декхарийлахь болчарна къинтӀера девр ду тхо.

32 cОха чӀагӀо йо хӀора шарахь цхьана шекхалан кхоалгӀа дакъа
Цхьана шекхалан кхоалгӀа дакъа – иза 4 грамм хиллал ду.
тхан Делан цӀийнан хьашташна дӀадала.

33И ахча массо а хьашташна тӀе гӀур ду: Далла къобалдина долу бепиг а, хӀора дийнахь дохуш долу кӀен сагӀанаш а, дийнаташ дагоран сагӀанаш а, шоьтан деношкахь а, бутт цӀинбаларан деношкахь а, кхечу дезачу деношкахь а дохуш долу сагӀанаш а, кхидолу деза сагӀанаш а, Исраилан халкъо летийначу къинойх паргӀатбахархьама дохуш долу къинан сагӀанаш а, иштта Делан цӀенна оьшу муьлхха гӀуллакх а.

34Оха – динан дайша а, левихоша а, халкъо а – кхаж тесира, тхайна юкъахь билгалдаккхархьама, шеран муьлхачу хенахь хӀора тхан доьзало Делан цӀенна совгӀатна лерина долу чӀийш дала деза, иза тхан Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчахь даго, товрат-хьехамаш тӀехь ма-хиллара.

35 eОха тхайна тӀелоцу хӀора шарахь Везачу Элан цӀенна тхайн лаьтта тӀера уггар хьалха хьалакхиъна долу ялта а, массо а диттийн дуьххьарлера болу стом а схьабан.

36 fТоврат-хьехамаш тӀехь ма-хиллара, оха тхан Делан цӀенна схьабалор бу тхан доьзалехь дуьххьара бина болу кӀентий а, иштта тхайн бежех а, даьхнех а, женах а долу дуьххьара дина кӀорнеш а. Цигахь гӀуллакх деш болчу динан дайшна уьш дӀалур ду оха.

37 gОха иштта тхайн Делан цӀийнан чӀоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагӀар а, зайтдаьтта а дахьар ду.

Ялтех долу уьтталгӀа дакъа оха дӀалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгӀа дакъа схьагулдеш болчу левихошна.
38 hАхӀаронан цӀийнах волу динан да левихошца хила везаш ву цара шайн уьтталгӀа дакъа схьаоьцучу хенахь. Цул тӀаьхьа левихоша шайна дӀакхаьчначу уьтталгӀачу декъа тӀера кхин уьтталгӀа дакъа Делан цӀа чохь йолчу чӀоьнаш чу охьадилла деза. 39Исраилан халкъо а, левихоша а шаьш деш долу совгӀаташ – кӀа а, чагӀар а, зайтдаьтта а – цу чӀоьнаш чу схьадан деза. Цигахь езачу чоьнна лерина болу гӀирс а бу ларбеш, иштта гӀуллакх деш болу динан дай а, кевнийн гӀаролхой а, илланчаш а бу Ӏаш.

Оха чӀагӀо йо Делан цӀийнан дола дан!»
Copyright information for CheCAC2012