bАрадаккхар 25:1-8; Арадаккхар 26:12.
Nehemiah 12
Динан дай а, левихой а
1ХӀорш бу йийсарера юхабирзина болу динан дай а, левихой а. Уьш Шалтаалан кӀантаца Зурбабелца а, ЮшаӀца а цхьаьна юхабирзина хилла. Церан цӀераш: Сари-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу, Ӏезар,2Амар-ЯхӀу, Малук, Хьатуш,
3Шихан-ЯхӀу, Рахьим, Мармути,
4Ӏиду, ГӀинтуй, Аби-ЯхӀу,
5Мияман, МаӀад-ЯхӀу, Билга,
6ШамӀа-ЯхӀу, ЯхӀу-Ярби, Яди-ЯхӀу,
7Салуъ, Ӏамукъ, Хьалкхи-ЯхӀу, Яди-ЯхӀу.
ЮшаӀ динан коьрта да волчу заманахь и нах динан дайн а, церан гергарнаш а баьччанаш бара. 8Левихойх болу ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал, Шараб-ЯхӀу, ЯхӀуд, Матан-ЯхӀу. Далла баркалла олуш долчу назманашна тӀехь жоп луш хилла Матан-ЯхӀу а, цуьнан гергарнаш а. 9Адамаша Далла гӀуллакх дечу хенахь, Бакхбукъ-ЯхӀус а, Ӏунис а, церан гергарчара а назма аларца дакъалоцура. 10ЮшаӀ ЯхӀу-Якхаман да хилла, ЯхӀу-Якхам Элишубан да хилла. Элишуб ЯхӀу-ЯдаӀан да хилла. 11ЯхӀу-ЯдаӀ ЯхӀунатин да хилла, ЯхӀуната ЯдуӀан да хилла. 12ЯхӀу-Якхаман заманахь динан дайн доьзалан баьччанаш хӀорш хилла: Сари-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Мари-ЯхӀу хилла.
Ярми-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьанан-ЯхӀу хилла.
13Ӏезаран доьзалехь лакхарниг Машулим хилла.
Амар-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀу-Хьана хилла.
14Малухин доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла.
Шихан-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Юсуп хилла.
15Хьармин доьзалехь лакхарниг Ӏаднан хилла.
Мармутин доьзалехь лакхарниг Хьелкхи хилла.
16Ӏидун доьзалехь лакхарниг Закри-ЯхӀу хилла.
ГӀинтунин доьзалехь лакхарниг Машулим хилла.
17Аби-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Зикра хилла.
МуӀад-ЯхӀун а, Мин-Яманан доьзалшкахь лакхарниг Пилти хилла.
18Билгин доьзалехь лакхарниг ШамуӀ хилла.
ШамӀа-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла.
19ЯхӀу-Ярбин доьзалехь лакхарниг Матинай хилла.
Яди-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Ӏузи хилла.
20Салин доьзалехь лакхарниг Къали хилла.
Ӏамукъин доьзалехь лакхарниг Ӏебар хилла.
21Хьалкхи-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьашби-ЯхӀу хилла.
ЯдаӀ-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Натунаил хилла.
22Элишубан а, ЯхӀу-ЯдаӀан а, Йохьанан а, ЯдуӀан а заманашкахь хилла болчу левихойн а, динан дайн а доьзалийн баьччанийн цӀераш парсихойн паччахь волчу Дари-Вашан паччахьалла лаьттинчу хенахь дӀаязйина ю. 23Левин тӀаьхьенах болчу доьзалийн баьччанаш Элишубан кӀант волчу ЯхӀу-Хьанин заманна тӀекхаччалц дӀаязбина бу. 24ХӀара цӀераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхӀу, Шараб-ЯхӀу, ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дӀахӀуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хӀума Делан стаг волчу Дауда дӀахӀоттийна хилла. 25ГӀалин кевнехь долу чӀоьнаш лардеш бара Матан-ЯхӀу а, Бакхбукъ-ЯхӀу а, Ӏабди-ЯхӀу а, Машулим а, ТӀулман а, Ӏакхуби а. 26Уьш берриш а гӀуллакх деш бара ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан кӀант ЯхӀу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхӀу а, динан да Ӏелам стаг Ӏезар а волчу хенахь а.
Ярушалайман пен къобалбар
27Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Ӏаш болчу гӀаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цӀестан негӀарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а. 28Массо а илланчаш схьагулбеллера Ярушалаймана гонахарчу меттигашкара а, НатӀупат-гӀалина гонахарчу ярташкара а, 29иштта Байт-Галгалара а, ГибаӀ-гӀалин а, Ӏазмаватан а аренашкара а. Цу заманахь илланчаша Ярушалаймана гонах ярташ йинера. 30Динан дайша а, левихоша а Далла хьалха цӀанваларан Ӏадат кхочушдира. Иштта халкъана тӀехь а, гӀалин кевнашна тӀехь а, гӀалин пенна тӀехь а кхочушдира цара цӀена хуьлу Ӏадат. 31ТӀаккха аса яхӀудхойн куьйгалхой пенна тӀе хьала а баьхна ▼▼Пенна тӀе хьала а баьхна – оцу хенахь гӀалин пенаш стомма а, шуьйра а дара. Цундела царна тӀехула лела мегара. Церан лекха дакъа некъ санна дара.
, уьш цигахь дӀахӀиттийра. Илланчийн йоккха ши тоба а схьакъастийра аса, цаьрга Далла хастамаш беш йолу назманаш алийта. Царах цхьа тоба пенна тӀехула аьтту агӀонгахула Кхеллин ков долчу дӀаяха езаш яра. 32Царна тӀаьхьахӀоьттина ХӀушаӀ-ЯхӀу а вара, шеца цхьаьна ЯхӀудан халкъан баьччанийн ахтоба а йолуш. 33Иштта царна тӀаьхьахӀиттина боьлхуш бара Ӏазар-ЯхӀу, Ӏезар, Машулим, 34ЯхӀуд, Бен-Яман, ШамӀа-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу. 35Цхьаболу динан дай а бара цигахь, шайн карахь турбанаш а йолуш. Иштта царна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш ЯхӀунатин кӀант Закри-ЯхӀу а вара (ЯхӀуната ШамӀа-ЯхӀун кӀант хилла, ШамӀа-ЯхӀу Матан-ЯхӀун кӀант хилла, Матан-ЯхӀу Мика-ЯхӀун кӀант хилла, Мика-ЯхӀу Закхуран кӀант хилла, ткъа Закхур Асайпан кӀант хилла). 36Цигахь Асайпан гергарнаш а бара: ШамӀа-ЯхӀу, Ӏазариал, Милали, Гилали, МаьӀи, Натунаил, ЯхӀуд, Хьанани. Церан карахь Делан стаг волчу Дауда лоькхучу тайпана гӀирсаш бара. Царна массарна а хьалхаваьлла воьдуш Ӏелам стаг волу Ӏезар а вара. 37Уьш Шовданан ков долчу агӀор дӀабирзира. Даудан гӀалин ламеш тӀехула уьш пенан лакхенна тӀе хьалабевлира. Даудан цӀенна тӀехула а бевлла, уьш малхбалехьа, Хин ков долчу агӀор, дӀабахара. 38Илланчийн шолгӀа тоба, аьрру агӀор а йирзина дӀаяхара. Уьш пенна тӀехула лелачу хенахь, со схьагулделлачу адамийн шолгӀачу тобанца царна тӀаьхьа воьдуш вара. Пешийн бӀаьвнах тӀех а девлла, тхо Шуьйрачу пенна тӀе кхаччалц дӀадахара. 39Цул тӀаьхьа Эпрайман а, Ширачу кевнах а, иштта ЧӀерийн кевнах а тӀехбевлира уьш. Цигара Хьананиалан бӀаьвнах, Меа олучу бӀаьвнах а тӀехбевлира уьш. УьстагӀийн кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бахана, ГӀаролан кевнна уллохь севцира уьш. 40Цул тӀаьхьа илланчийн ши тоба Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн йолчу метте дӀахӀоьттира. Со а, хьаькамийн ахтоба а дӀахӀоьттира тхешан метте. 41Шайн-шайн метте, карахь турбанаш а йолуш, дӀахӀиттира динан дай болу Элъякъим, МаӀсей-ЯхӀу, Мин-Яман, Мика-ЯхӀу, ЭлъюӀинай, Закри-ЯхӀу, Хьанан-ЯхӀу. 42Иштта Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн метте дӀахӀиттира динан дай болу МаӀсей-ЯхӀу, ШамӀа-ЯхӀу, ЭлиӀазар, Ӏузи, ЯхӀу-Хьана, Малки-ЯхӀу, Ӏейлам, Эзар. Илланчийн шинна а тобано, чӀогӀа мохь а тухуш, назма элира. Эшарш локхучу тобанийн куьйгалхо Израхь-ЯхӀу вара. 43Цу дийнахь дуккха а сагӀанаш дехира цара. Массо а стаг чӀогӀа самукъадаьлла вара, Дала шайна доккха хазахетар хилийтина дела. Зударий а, бераш а самукъадаьлла лелара. Ярушалаймера схьа геннахь хезаш дара самукъане аьзнаш. Делан цӀа долчохь ечу Ӏамалъяре кхачийтар
44Цу дийнахь билгалбехира чӀоьнаш карахь долу нах. ХӀора доьзало деш долу совгӀаташ – дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгӀа долу дакъа а – цу чӀоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГӀаланашна гонах долчу кхаш тӀера цара чӀоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хӀунда аьлча яхӀудхой чӀогӀа хазахетта бара цигахь гӀуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а. 45 bЦу динан дайша а, левихоша а шайн Далла гӀуллакх а дора, нахана юкъахь Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочуш а дора. Илланчашца а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошца а цхьаьна цара кхочушдора Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а дина весеташ. 46ХӀунда аьлча дуккха а хьалха, Даудан а, Асайпан а хенахь дуьйна, баркалла олуш йолчу эшаршна тӀехь а, Далла хастам беш олуш йолчу назманашна тӀехь а куьйгалла дора илланчаша. 47Зурбабелан а, Нахьми-ЯхӀун а заманахь массо а исраилхоша илланчашна а, кевнехь болчу гӀаролхошна а хӀора денна лерина долу рицкъа схьадахьара Делан цӀийнан керта. Халкъо левихошна дӀалора царна догӀуш долу дакъа, ткъа цунах АхӀаронан тӀаьхьенна догӀуш долу дакъа левихоша оцу тӀаьхьене дӀакхачадора.
Copyright information for
CheCAC2012