f Арадаккхар 34:11-16; Карлабаьккхинарг 7:1-5.
Nehemiah 13
Кхечу къаьмнех болчарах дӀакъастар
1 aЦу дийнахь Муса-пайхамаран тептар массо а халкъана хозуьйтуш дӀадийшира. Цу тӀехь царна дӀаяздина карийра, цхьа а Ӏамминхо а, муабахо а цкъа а Делан халкъах дӀакхета йиш йолуш вац аьлла. 2 bИза иштта хилла, хӀунда аьлча уьш Исраилан халкъана баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера. Цара БалиӀам шайгахьа ваьккхина, цуьнга исраилхошна неӀалт кхайкхадайта. Амма вайн Дала, и неӀалт царна тӀера дӀа а даьккхина, цунах декъалдар хилийтира. 3И товрат-хьехам шайна дӀахезча, исраилхоша кхидолу къаьмнех мел верг шайх дӀакъастийра.Нахьми-ЯхӀус дӀахӀиттийна керла хӀуманаш
4Амма и хӀума хилале тхан Делан цӀийнан чӀоьнаш карахь йолчу динан дас Элишуба (иза ТӀуби-ЯхӀун захалойх стаг вара), 5ТӀуби-ЯхӀуна йоккха цхьа чоь дӀаелира. Тохара цу чоьнна чу наха деанера кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, пхьегӀаш а, иштта левихошна а, илланчашна а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошна а деана долчу ялтих а, керлачу чагӀарх а, зайтдаьттанах а уьтталгӀа дакъа а, иштта динан дайшна деана долу совгӀаташ а. 6И хӀума хиллачу хенахь со Ярушалаймехь вацара. Бавелан паччахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъе шуьйтталгӀачу шарахь со паччахь волчу юхаваханера. Цхьа хан яьлча, аса юха а паччахье сайна Ярушалайме дӀаваха пурба дийхира. 7Со Ярушалайме схьакхаьчча, суна хиира Элишубера даьллачу зуламах лаьцна. Цо ТӀуби-ЯхӀуна Делан цӀийнан кертахь йолу цхьа чоь дӀаеллера! 8Со чӀогӀа оьгӀазвахара, сайна и хӀума хезча. Цундела аса ТӀуби-ЯхӀун салпал цу чуьра аракхоьссира. 9Аса тӀедиллира, и чоь дӀа а цӀанйина, цу чохь хилла йолу Делан цӀа чуьра пхьегӀаш а, наха схьадеана долу кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а шаьш хиллачу метте охьахӀиттае аьлла. 10 cСуна иштта хиира, левихошна дӀадала дезаш долу дакъош дӀалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Ӏамал ечу хенахь гӀуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера. 11Аса хьаькамех и хӀума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цӀа дола ца деш хӀунда дитина?» аьлла. Цул тӀаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гӀуллакхаш дан дӀахӀиттийра. 12 dЦул тӀаьхьа массо а исраилхочо шайн ялтех а, керлачу чагӀарх а, зайтдаьттанах а долу уьтталгӀа дакъа Делан цӀийнан чӀоьнаш чу схьадеара. 13Делан цӀа чуьра чӀоьнаш хӀокху нехан кара дӀаелира аса: динан да волу Шалам-ЯхӀу, Ӏелам стаг волу ЦӀадукъа, левихо волу Пади-ЯхӀу. Ткъа Матан-ЯхӀун кӀентан Закхуран кӀант Хьанан церан гӀоьнча санна дӀахӀоттийра аса. Аса уьш хаьржинера, хӀунда аьлча уьш тешаме лоруш нах бара. Царна тӀедиллина дара наха схьадеанчу хӀуманах шайн гергарчарна дакъа дар. 14Ва сан Дела, аса и хӀума дар бахьана долуш со дагаваийтахьа Хьайна. Диц ма дехьа аса сайн Делан цӀийнан а, цу чохь а, цуьнан кертахь а дечу гӀуллакхийн а дуьхьа тешаме хиларца лелийнарг! 15 eЦу деношкахь ЯхӀуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагӀар даккхархьама. Иштта шайн варраш тӀе цӀевнаш а, чагӀар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хӀуманаш а тӀеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дӀа а яьхьна, дӀайохкархьама. Аса цу нахах чӀогӀа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хӀума дӀадухкуш гича. 16Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чӀерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхӀудхошна дӀадохкархьама. 17Аса яхӀудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хӀума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хӀун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша! 18Изза хӀума шун дайша а леладора. Цундела вайн Дала вайна а, хӀокху гӀалина а тӀе боккха бала а, бохам а боссийра. Ткъа шу хӀинца Цуьнга Исраилан халкъана кхин а чӀогӀа оьгӀазло яйта гӀерташ ду, шоьтан де сийсаза а дохуш». 19Цул тӀаьхьа аса тӀедиллира, пӀерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тӀебогӀучу хенахь, гӀалин кевнаш дӀа а къовлий, шоьтан де дӀадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неӀарш ларъян сайна тешаме болу нах дӀахӀиттийра аса. Церан Ӏалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар. 20Цкъа-шозза совдегарш а, тайп-тайпана хӀуманаш йохкархой а Ярушалайме шаьш чу ца бовлийтича, гӀалина арахь буьйсанаш йохуш бара. 21Аса цаьрга, чӀогӀа бехк а боккхуш, элира: «ГӀалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дӀадохур ду». Цул тӀаьхьа уьш кхин ца богӀура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело. 22Аса левихошна тӀедиллира, Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочушде аьлла. Уьш цул тӀаьхьа гӀалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама. И хӀума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох! 23 fЦу деношкахь суна иштта гира, яхӀудхоша шайна ашдодхойх а, Ӏамминхойх а, муабахойх а болу зударий балийна хилар. 24И хӀума бахьана долуш церан берех ахдакъа ашдодхойн, я вукху къаьмнийн мотт буьйцуш дара, яхӀудхойн мотт биц а бина. 25Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неӀалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цӀарах иштта чӀагӀо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таӀзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кӀенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а. 26 gАс элира: „Шуна хууш ду, кхечу къаьмнех болу зударий балор бахьана долуш, исраилхойн паччахь волчу Сулима шех къа латийна хилар. Ткъа кхечу къаьмнийн бацара Сулим-паччахь санна болу сийлахь паччахьаш. Далла везаш а вара Сулим-паччахь. Цундела Цо иза дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀа а хӀоттийнера. Амма кхечу къаьмнех болчу зударша ур-атталла цуьнга а къинош летадайтира. 27Ткъа хӀинца тхуна хезаш ду, шу а и тайпана доккха зуламаш лелош ду бохуш. Хийрачу къаьмнех болу зударий шайна балорна, шу Далла тешаме ма дац!“ 28 hЯхӀу-ЯдаӀ динан коьрта да волчу Элишубан кӀант вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан цхьа кӀант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гӀалара эккхийна дӀавахийтира. 29Дагахь латтабе уьш, сан Дела! Динан дайн дарж а, Ахьа динан дайшца а, левихошца а бина барт а ма бехбина цара! 30Аса исраилхой иштта цӀанбира хийрачу къаьмнаша схьа мел кхехьначух. Юха, динан дайшна а, левихошна а дан дезаш долу гӀуллакхаш билгалдехира аса, хӀораннан а шен гӀуллакх хилийтархьама. 31Билгалъяьхначу хенашкахь сагӀанаш дагорна лерина долу дечиг Ӏалашдаран Ӏадат дӀахӀоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза. Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»
Copyright information for
CheCAC2012