Nehemiah 2
Нахьми-ЯхӀу Ярушалайме дӀавахар
1Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагӀар чудеара. Аса и чагӀар, схьа а эцна, паччахье дӀакховдийра. Со гӀайгӀанехь вара. ХӀинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна, 2цо соьга хаьттира: «Хьан юьхь кхоьлина хӀунда ю? Могуш воцуш-м вац хьо? Суна гуш ма ду хьан дог гӀайгӀане хилар». Со чӀогӀа кхеравелира. 3 aТӀаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГӀайгӀанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дӀабоьхкина йолу гӀала йохийна лаьтташ хилча, цу гӀалин кевнаш а дагийна хилча!» 4ТӀаккха паччахьо соьга хаьттира: «Хьуна хӀун лаьара?» Айса жоп далале, аса стигаларчу Деле доӀа дира. 5Цул тӀаьхьа аса паччахьна жоп делира: «Паччахьан лаам а хилахь, иза шен лай волчу суна реза а велахь, со ЯхӀуд-махка вахийтахьара цо. Сайн дайн къуббанаш йолчу гӀала а вахана, и гӀала юхаметтахӀоттор яра аса». 6ТӀаккха шена уллохь зуда-паччахь а йолуш Ӏаш волчу паччахьо соьга хаьттира: «Некъана дукха хан оьший хьуна? Хьо юха маца вогӀур ву?» Аса сайна мел хан оьшу дӀааьлча, паччахь реза хилира со цига вахийта. 7Аса паччахье кхин а элира: «Хьан лаам хилахь, аса доьху хьоьга, суна Эпрат-хина малхбузехьа йолчу меттигийн хьаькамашка яздина долу кехаташ далар, ЯхӀуд-махка со маьрша дӀакхачийтархьама. 8Суна иштта паччахьан хьун карахь йолуш волчу Асайпе яздина долу кехат а оьшу, цуьнга суна Делан цӀа долчохь йолчу гӀопан кевнаш а, гӀалин пен а, со чохь Ӏийр волу цӀа а дан ханнаш далийта». Сан Дела Шен диканца соьца хилар бахьана долуш, паччахьо аса мел аьлла долу хӀума суна делира. 9Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀехь болу хьаькамаш болчу а вахана, цаьрга паччахьера долу кехаташ дӀаделира аса. Паччахьо соьца тӀемалойн хьаькамаш а, дошлой а бахкийтинера. 10И хӀума шайна хезча, хьоронхо волу Санбулат а, Ӏамминхойн мехкада волу ТӀуби-ЯхӀу а чӀогӀа реза воцуш хьаьвзира. Царна ца дезаделира исраилхойх дог лозуш волу стаг ваьлла хилар.Нахьми-ЯхӀус Ярушалаймана гонахара долу пенаш таллар
11Ярушалайме схьакхаьчначул тӀаьхьа, аса цигахь кхо де даьккхира. 12Цул тӀаьхьа буьйсанна сайца масех стаг а волуш, со аравелира. Дала сайн дага чу диллина долу Ярушалайман дуьхьа айса дан луург цхьана а стаге ца дийцинера аса. Соьца цхьа а тайпана дийнат а дацара, со тӀехиъна йолу вир йоцург. 13Иштта, буьйсанна со ТогӀин кевнал аравелира. Сайн вир Саьрмикан хьоста долчу дӀа а ерзийна, со сихха Кхеллин ков долчу дӀавахара. Ас Ярушалайман дохийна долу пенаш а, цӀарца дагийна долу цуьнан кевнаш а теллира. 14Цул тӀаьхьа со Хьостан кевнна а, иштта Паччахьан Ӏома тӀе а вахара. Амма со цига улло тӀевахча, суна гира со сайн вирца цигахула дехьавалалур воцийла. 15Оццу буьйсанна со, тогӀи чухула хьала а ваьлла, гӀалин пене хьаьжира. ТӀаккха со, юха а ТогӀин кевнна чухула а ваьлла, юхавирзира. 16Цхьана а хьаькамна ца хиира, со мича вахана а, я ас хӀун леладо а. Я яхӀудхошка а, я динан дайшка а, я лоруш болчу нахе а, я хьаькамашка а, я балхана тӀехь дакъалоцун болчу кхиболчаьрга а аса хӀумма а дӀа ца хаийтинера. 17Ткъа хӀинца аса цаьрга элира: «Шуна гуш бу-кх вайгахь болу бала. Ярушалайм хӀуй-пака а яьккхина лаьтташ ю, ткъа гӀалин кевнаш дагийна дӀадаьхна. Даха а гӀой, Ярушалайман пенаш юхаметтахӀиттаде вай. ТӀаккха вай хӀокху тайпана юьхьӀаьржа хир дацара». 18Аса цу нахе дӀадийцира Дела Шен диканца сайца хилар а, сайга паччахьо аьлларг а. ТӀаккха цу наха элира: «Вай болх дӀаболо беза!» Иштта цара и хьанал болх дӀаболийра. 19Амма хьоронхо волу Санбулат а, Ӏамминхойн мехкада волу ТӀуби-ЯхӀу а, Ӏаьрбихо волу ГӀишам а, шайна и хӀума дӀахезча, оха лелочух цабашарца буьйлуш бара. Цара бохура: «ХӀун ду аша лелориг? Шу паччахьна дуьхьалдовла гӀерташ ду?» 20Амма аса, цу нахана жоп луш, элира: «Стигалахь волчу Дала аьтто бийр бу тхан. Делан леш долчу оха гӀала юхаметтахӀоттор дӀадолор ду. Ткъа шух лаьцна аьлча, заманашкара дуьйна а доьзалийн латтанаш дац шун Ярушалаймехь, иштта цигахь кхел ян а, Далла Ӏамал ян а бакъо яц шун!»
Copyright information for
CheCAC2012