Nehemiah 4
Болх барна дуьхьало ярна тӀехь Нахьми-ЯхӀус толам баккхар
1Шена тхо Ярушалаймана гонах долу пенаш юхаметтахӀиттош ду аьлла дӀахезча, Санбулат, чӀогӀа оьгӀазвахана, карзахвелира. Иза яхӀудхойх кхарда волавелира. 2Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХӀун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХӀара гӀала юхаметтахӀотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагӀанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тӀулгаш денлур ма дац!» 3Санбулатаца цхьаьна волчу Ӏамминхочо ТӀуби-ЯхӀус элира: «Жуьгташа меттахӀоттош ерг хӀун ю? Жима цхьогал тӀедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен». 4Аса, Деле доӀа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дӀахазахьара Хьуна тхан доӀанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хӀонс санна, йийсаре а бигна, юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа уьш! 5Царна тӀера бехк дӀа а баьккхина, Хьайна хьалха цара летийначу къиношна геч ма дахьара Ахьа, хӀунда аьлча цара пен беш болу нах сийсазбаьхна». 6Ткъа тхо гӀалин пенаш деш дара. И берриг а пен нийсса ах хьалабина а девлира, хӀунда аьлча цигахь мел верг а даггара болх беш вара. 7Санбулат, ТӀуби-ЯхӀу, Ӏаьрбихой, Ӏамминхой, ашдодхой чӀогӀа оьгӀазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гӀалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Ӏуьргаш дӀа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дӀахезча. 8Цара шайна юкъахь барт бира тӀамца Ярушалаймана тӀелата а, гӀалин нах карзахбаха а. 9Тхо тхайн Деле доӀанаш деш дара. Оха пенаш тӀе гӀаролхой хӀиттийнера, цаьрга, дийнахь а, буьйсанна а гӀарол а деш, тхо мостагӀех лардайта. 10ЯхӀудхоша мукъам бора: «Киранчийн ницкъ лахбелла,дӀакхоьхьу нехаш дукха хиларна,
пен юхаметтахӀотто тхан ницкъ бац».
11Тхох кхаьрдаш болчу мостагӀаша бохура: «Жуьгташна, тхо ган а гина, довзале, тхо царна юкъахь хир ду. Оха уьш хӀаллакбийр бу, цул тӀаьхьа болх а сацор бу». 12Тхан мостагӀашна уллохь Ӏаш болчу яхӀудхоша тхоьга уьттазза элира: «Массо а маьӀӀера мостагӀий вайна тӀелетар бу». 13ТӀаккха аса пенан уггар лахарчу а, ледарчу а меттигашкахь нах дӀахӀиттийра. Шайн-шайн доьзалийн раьгӀнашкахь дӀахӀиттийна бара уьш, карахь тарраш а, гоьмукъаш а, секхаӀедаш а долуш. 14Гонах а хьаьжна, лоруш болчу нахе а, хьаькамашка а, кхин болчу нахе а вистхилира со. Аса элира: «Вайн мостагӀех шу ма кхералаш. Хьалдолу Эла сийлахь а, кхерамах дузуьйтуш а вуйла шайна дагадаийта! Аша, шайн вежарий а, кӀентий а, йоӀарий а ларбеш, тӀом бан беза! Шу шайн зударий а, шайн цӀенош а лардеш тӀом беш хила деза!» 15Шаьш дан леринарг тхуна хууш хилар а, Дала шайн барт бохийна хилар а тхан мостагӀашна дӀахиъча, тхо гӀалин пен болчу юхадирзира, хӀора шен-шен балха тӀе. 16– 17ХӀетахь дуьйна схьа сан белхалойх ах йолу тоба пенна тӀехь болх беш яра, ткъа вуьш шайн карахь гоьмукъаш а, турсаш а, секхаӀедаш а долуш, тӀедуьйхина гӀаьгӀнаш а долуш ха деш бара. Пенаш деш болчу ЯхӀудан нахана тӀехьа тӀеман хьаькамаш бара лаьтташ. Ткъа коьчал яхьаш берш цхьана куьйгаца болх беш бара, ткъа церан вукху куьйгахь гоьмукъ бара. 18Болх бечу хенахь пенаш тодеш волчу хӀора стеган хаьн тӀехь кхозуш тур дара. Ткъа суна уллохь коьман маӀа карахь йолу зурманча вара лаьтташ. 19Лоруш болчу нахе а, тӀеман хьаькамашка а, иштта кхин долчу адамашка а аса элира: «Вай беш берг боккха болх бу. Пенан бохаллехь дукха дӀасадаьржина вай, вовшашна гена а девлла. 20Цундела шайна коьман маӀан аз хезначу метте схьагулдала деза шу. Цигахь массо а вовшахкхетар ду вай. Вайн Дела вайгахьа тӀом беш хир ву!» 21Иштта болх беш дара тхо: тхох ах долу дакъа кара гоьмукъ а лаьцна лаьтташ дара, ткъа вуьш пенна тӀехь болх беш бара, Ӏуьйранна сатоссучу хенахь дуьйна стигалара седарчий гучудовллалц. 22Цу хенахь аса халкъе дӀахьедира: «Берриг а нах шайн гӀоьнчашца цхьаьна Ярушалаймехь буьйса йоккхуш хила беза, буьйсанна цаьрга гӀалина ха дайтархьама а, дийнахь гӀалин пен боттийтархьама а», – аьлла. 23Тхоьца болчарах цхьаммо а буьйсанна шайна тӀера бедарш дӀа ца йохура: я аса а, я сан ялхоша а, я гӀаролехь болчу наха а. ХӀоранна а уллохь шен герз дара.
Copyright information for
CheCAC2012