Nehemiah 5
Нахьми-ЯхӀус гӀийлачарна гӀо до
1Юха, нахана юкъара божарий а, церан зударий а, шайн хьалдолчу гергарчу яхӀудхошна реза боцуш, даккхий аьрзнаш дан буьйлабелира. 2Царах цхьаболчара бохура: «Тхан дукха бераш хиларна, оха кӀа эца деза, хӀума яархьама а, дийна дисархьама а». 3Цхьаццаболчара бохура: «Тхо тхайн кхаш а, кемсийн бошмаш а, тхайн цӀенош а закъалтан метта дӀаяла дезаш ду, мацалла тӀееача, тхайна кӀа эцархьама». 4Ткъа вукхара бохура: «Оха нахера юхалург ахча эца дезара, тхайн кхашна а, кемсийн бошмашна а тӀера паччахьна ял дӀаялархьама. 5Тхо схьадевлла къам тхан вежарий схьабевлларг ду. Тхан кӀентий а церан кӀентий санна дика бу. Амма тхо тхайн кӀентий а, йоӀарий а лолла дӀадала дезаш ду. Цхьадолу тхан зудабераш хӀинца а лоллехь делахь а, тхан йиш яц уьш паргӀатбаха, хӀунда аьлча тхан кхаш а, кемсийн бошмаш а кхечеран карахь ю». 6Церан хамталла а, цара дуьйцург а сайна хезча, со чӀогӀа оьгӀазвахара. 7 aЦунах лаьцна сан дага чохь дикка ойла а йина, лоруш болчу нахана а, куьйгалхошна а тӀе бехк биллира ас: «Шайн къомах волчунна юхалург деллачу ахчанна тӀера ял йоккху аша!» – аьлла. Цара лелийначунна дуьхьал цхьана боккхачу гуламе нах схьакхайкхира аса. 8Цаьрга ас элира: «Вайн вежарий болу яхӀудхой кхечу къаьмнашна боьхкина бара. Вай ма-хуьллу уьш мах белла юха схьабаха гӀерташ лийлира. Ткъа шу юха а уьш леш санна шайн къомах болчарна бухкуьйтуш ду!» Тхьамданаш, ала хӀума а доцуш, лаьтташ бара. 9Ткъа аса юха а цаьрга элира: «Аша дийриг нийса дац. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, дахарехь лела ца деза шу, вайн мостагӀий болчу кхечу къаьмнех берш вайх ца кхардийтархьама?! 10Аша санна, аса а, сан вежарша а, соьца цхьаьна болчара а цаьрга юхалург ахча а, кӀа а лора. Ткъа хӀинца дерриг а декхарх уьш паргӀатбаха вай. 11Аша хӀинццехь церан кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, цӀенош а царна юхадерзо деза. Иштта юхаяла еза шаьш цаьргара ахчанна а, кӀена а, чагӀарна а, зайтдаьттанна а тӀера яьккхина йолу ял а!» 12ТӀаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хӀума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хӀума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха». ТӀаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чӀагӀо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тӀера бевр бац аьлла. 13Сайн некха тӀе уллу тӀоьрмаг охьа а бегийна, аса элира: «Иштта Дала а охьавегавойла Шена уллора а, Шен цӀен тӀера а массо а ша делла долу дош лардеш воцу стаг. Иштта охьавегийна а, ваьсса а хуьлийла и стаг!» Цигахь гулбеллачара массара а «Амин!» элира, Везачу Элана хастамаш а бира. Ткъа куьйгалхоша шайн дош кхочуш а дира.Нахьми-ЯхӀус ша ца кхоор
14Кхин цхьа хӀума а ду: со ЯхӀуд-махкахь хьаькам лаьттинчу массо а хенахь я аса а, я сан гергарчара а лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача ца биира. Со ЯхӀуд-махкахь шийтта шарахь хьаькам лаьттина, Артахь-Шаштан паччахьаллехь хиллачу ткъолгӀачу шарна тӀера ткъе шуьйтталгӀачу шарна тӀе кхаччалц. 15Сол хьалха хиллачу лакхарчу хьаькамаша нах чӀогӀа холчу хӀиттийна хилла, цаьргара хӀора дийнахь шовзткъа шекхал дети эцна а ца Ӏаш, кхин а ялта а, чагӀар а доккхуш хилла цара. Церан ялхоша а деш хилла халкъана тӀехь олалла. Амма со Деле болчу ларамах вуьзна хиларна, и тайпа хӀума аса сайгара ца долуьйтура. 16Со Ярушалаймана гонахарчу пенна тӀехь мало ца еш болх беш вара. Аса цхьаьнггара а латта ца оьцура, ткъа сан массо а ялхо цигахь болх бан схьагуллуш вара. 17Цул сов, аса кхобуш цхьа бӀе шовзткъе итт яхӀудхо а, куьйгалхо а вара. Уьш, гонахарчу къаьмнех болу тӀебаьхкина нах ца лерича а, оццул бара. 18Сан шуьне гулбеллачарна цхьана дийнахь кечъеш ерг яра: цхьа сту а, тоьлла болу ялх уьстагӀ а, тайп-тайпана долу зӀакардаьхни а. Итт де дӀа мосазза долу, сан шуьне тайп-тайпана долу чагӀар а тӀекхоьхьура. Делахь а аса цкъа а халкъана тӀе ца дожадора сайна лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача латтабе бохуш, хӀунда аьлча халкъана тӀехь лаьтташ ерг иштта а хала киртиг яра. 19Ва сан Дела! Суна диканна ларий, дагахь латтадехьа аса хӀара халкъ бахьана долуш динарг.
Copyright information for
CheCAC2012