Nehemiah 8
Ӏезара халкъана товрат-хьехамаш боьшу
1Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Ӏелам стаг волчу Ӏезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тӀебиллина болу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьада аьлла. 2Ӏезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дӀаэца кхетам болуш долу бераш а дара. 3Ӏуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Ӏезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чӀогӀа леррина ладугӀуш дара. 4Иза цу гӀуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тӀе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агӀор лаьтташ Матит-ЯхӀу а, ШемаӀ а, Ӏани-ЯхӀу а, УръяхӀу а, Хьалкхи-ЯхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а вара, ткъа аьрру агӀор лаьтташ Пади-ЯхӀу а, Мишаал а, Малки-ЯхӀу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхӀу а, Машулим а вара. 5Ӏезара тептар схьадиллира. Халкъал лекха йолчу лакхенгахь лаьтташ хиларе терра, Ӏезар массарна а дика гуш вара. Цо тептар схьадоьллушехь, массо а адам хьалагӀаьттира. 6Ӏезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тӀаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Везачу Элана Ӏибадат дора цара. 7Адамаш юха хьалагӀевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаӀ, Бани, Шараб-ЯхӀу, Ямин, Ӏакхуби, Шабитай, ХӀуди-ЯхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Кхилати, Ӏазар-ЯхӀу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхӀу. 8Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болчу тептар тӀера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора ▼▼Царна гочдора – товрат-хьехамаш Ӏебархойн маттахь язбина бара, ткъа жуьгтий Бавел-махкахь йийсарехь болуш, цара арамхойн мотт Ӏамийнера. Цундела товрат-хьехамаш гочбан безара.
, адамаш шайна дӀадешначух кхоьтуьйтуш. 9Цул тӀаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхӀус а, динан да а, Ӏелам стаг а волчу Ӏезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дӀакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладугӀучу хенахь адам доьлхуш дара. 10Нахьми-ЯхӀус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хӀума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хӀума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дӀакъастийна долу де ду. ГӀайгӀане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чӀагӀдийр ду шу!» 11Левихоша дагна хьаам бора массо а гулбеллачарна. Цара бохура: «ДӀате! Таханлера де Везачу Элана лерина шатайпа де ду. ГӀайгӀане ма хила». 12Массо а халкъ шайн цӀеношка дӀадахара хӀума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чӀогӀа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела. Кхалорийн деза денош
13ШолгӀачу дийнахь доьзалийн дай а, динан дай а, левихой а Ӏелам стаг волу Ӏезар волчу бахара, цуьнца цхьаьна товрат-хьехамаш Ӏаморхьама. 14 bВезачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хӀара карийра: шеран ворхӀалгӀачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Ӏан дезара. 15Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гӀаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гӀой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гӀаш долуш долчу диттийн а, ӀиндагӀ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, кхалораш ян а еза». 16Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тӀехь а, шайн уьйтӀахь а, Делан цӀийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира. 17Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Ӏийра. Нунин кӀант ЮшаӀ ваьхначу хенахь дуьйна хӀара денош тӀе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чӀогӀа сакъераделла вара. 18Ӏезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тӀаьххьара де тӀекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшура царна. ВорхӀ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхӀалгӀачу дийнахь, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дӀахӀоьттинчу гуламе.
Copyright information for
CheCAC2012