c Арадаккхар 3:7; Арадаккхар 14:10-12.
d Арадаккхар 7:8–12:32.
e Арадаккхар 14:21-29; Арадаккхар 15:4, 5.
f Арадаккхар 13:21, 22.
g Арадаккхар 19:18–23:33.
h Арадаккхар 16:4-15; Арадаккхар 17:1-7; Карлабаьккхинарг 1:21.
j Арадаккхар 34:6; Лелар 14:18.
k Арадаккхар 32:1-4.
Nehemiah 9
Исраилан халкъ ша летийначу къиношна къера хилар
1Цу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь исраилхой схьагулбелира, марха а кхобуш, шайна тӀехь сингаттаман духар а долуш, коьрта тӀе тесна ченаш а йолуш. 2Кхечу къаьмнех болчарах схьакъаьстинера исраилхой. Шайн меттигашкахь а лаьтташ, шаьш летийначу къиношна а, шайн дайша динчу зуламашна а мукӀарло дора цара. 3Кхаа сахьтехь лаьттира уьш цигахь, шайн Везачу Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар а доьшуш. Цул тӀаьхьа кхин кхаа сахьтехь цара шаьш лелийначунна мукӀарлонаш а дора, шайн Везачу Далла Ӏибадат а дора. 4Цул тӀаьхьа левихой болу ЮшаӀ а, Бани а, Кхадмиал а, Шабни-ЯхӀу а, Буни а, Шараб-ЯхӀу а, Бани а, Канани а лекхачу метте хьала а бевлла, шайн Везачу Деле мохь а бетташ, доӀа деш бара. 5Юха а левихойх болу ЮшаӀ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхӀу а, Шараб-ЯхӀу а, ХӀуди-ЯхӀу а, Шабни-ЯхӀу а, Патахь-ЯхӀу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура: «Хьала а гӀовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало.Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна.
Хьан сийлахь цӀе адамаша хестайойла,
иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла!
6Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац!
Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина!
Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь!
Ахьа латта а, цу лаьтта тӀехь мел долу хӀума а кхоьллина!
Ахьа хӀордаш а, цу чохь мел долу хӀума а кхоьллина.
Массо а хӀуманна дахар а делла.
Стигалара ницкъаш а Хьуна Ӏибадат деш ду!
7 aИбрам харжа а хаьржина,
Хашадарчу Ур-гӀалара ара а ваьккхина,
цунна, ИбрахӀим аьлла, цӀе тиллина Веза Дела ву Хьо.
8 bХьуна гира иза Хьайна тешаме хилар,
цундела Ахьа цуьнца барт а бира.
КанаӀанхойн, хьетахойн, эмархойн,
перезахойн, явсайхойн, гӀиргӀашахойн
хилла долу латта дӀалур ду элира
Ахьа цуьнан тӀаьхьенна.
Хьайн ваӀда Ахь кхочуш а дира,
Хьо тешаме волу дела.
9 cХьуна гуш бара Мисар-махкахь тхан дайша хьоьгуш болу бала.
Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна хезаш дара цара гӀо доьхуш хьоькхуш долу маьхьарий.
10 dМисархошна шаьш тхан дайл лакхара хетийла Хьуна хууш долу дела,
тамашийна билгалонаш гайтира Ахьа пирӀунна а,
цуьнан элашна а, цуьнан массо а халкъана а дуьхьал.
Цундела Хьо цӀеяхана хилла дӀахӀоьттира
таханлера де тӀекхаччалц а.
11 eАхьа тхан дайшна хьалхахь Эрзийн хӀорд бекъа а бекъна дӀахӀоттийра,
уьш декъачу лаьтта тӀехула чекхбовлийтархьама.
Амма тхан мостагӀий кӀоргачу хӀорда чу кхиссира Ахьа,
ткъа уьш, тӀулгаш санна, дерачу хи буха а бахара.
12 fДийнахь мархин бӀогӀамца Ахь уьш балабора,
буьйсанна уьш цӀеран бӀогӀамца буьгура,
уьш дӀабаха беза некъ серлабаккхархьама.
13 gЦул тӀаьхьа Хьо Синай-лам тӀе охьавоьссира.
Стигалара охьа къамел дира Ахьа цаьрца.
Царна нийса тӀедехкинарш а, бакъболу товрат-хьехамаш а,
дика парзаш а, весеташ а дӀаделира.
14Хьайн дезачу шоьтан дийнах лаьцна а
хьехам бира Ахьа царна,
иштта весеташ а, парзаш а, товрат-хьехам а
тӀебиллира Хьайн ялхо волчу Мусагахула.
15 hУьш мацбеллачу хенахь стигалара кхача а белира Ахьа царна.
Уьш хьагбеллачу хенахь тӀулгах даьккхина хи а делира Ахьа царна.
Ахьа цаьрга элира, дӀа а гӀой,
царна, куьг а айина, дӀадала чӀагӀо йина долу латта церан дола даккха.
16 iАмма тхан дай кура дегнаш долуш а, юхахьара а бара.
Хьан весеташка ла ца дуьйгӀира цара.
17 jХьуна къера хила царна ца лиира.
Ахьа шайн дуьхьа мел дина тамашийна гӀуллакхаш царна дицделлера.
Шайн куралла бахьана долуш, хьаькам хаьржира цара,
шайн лоллехь хиллачу метте уьш юхаберзорхьама.
Амма нахана гечдо Дела ма ву Хьо!
Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву,
Хьо атта оьгӀаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а ву.
Ахь уьш дӀа ца тесна,
18 kшайна дашо эса а дина,
цара: „ХӀара ву тхо Мисар-махкара арадаьхна волу Дела!“аьлча а,
цара чӀогӀа Ӏеса къамел дича а.
19 lХьо чӀогӀа къинхетаме хиларна,
Ахьа уьш яьссачу аренгахь а дӀа ца тесира.
Дийнахь царна некъ дӀагойту мархин бӀогӀам дӀа ца хьулбира Ахь,
буьйсанна уьш схьабан безаш болу некъ серлабоккху цӀеран бӀогӀам а дӀа ца баьккхира Ахь.
20Уьш Ӏаморхьама Хьайн дика Са дӀадели Ахь.
Саццаза Хьайн кхачанийн буьртигаш дӀалора Ахь царна,
церан хьогалла дӀаяккха хи а лора.
21Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула уьш лелаш а бара,
царна мел оьшу хӀума Ахь кхочуьйтура.
Церан бедарш а ца тишлора,
когаш а ца бестара.
22 mАхьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира,
царна гонахара долу, геннара латтанаш а тӀехь дӀадийкъира.
Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а,
иштта Башанарчу паччахьан ӀовгӀин латта а
шайн дола даьккхира цара.
23 nЦеран тӀаьхье Ахь, стигалара седарчий санна, дебийра.
Церан дайшна Айхьа, шерет дина, латта лур ду элира,
ткъа уьш оцу лаьтта тӀе схьабалийра Ахь.
24 oЦу лаьтта тӀе а баьхкина, цара иза дӀалецира.
Ахьа цаьрга цу лаьтта тӀехь Ӏаш болу канаӀанхой эшабайтира.
Цигара халкъ а, церан паччахьаш а, кхидолу къаьмнаш а церан кара дӀа а делла,
Ахьа цаьрга шайна луъург дайтира царна тӀехь.
25 pЧӀагӀйина гӀаланаш а, токхе латтанаш а цара схьалецира.
Хьолах дуьзна долу цӀенош а, яьхна гӀунаш а цара шайн дола ехира.
Иштта кемсийн а, зайт-диттийн а, стоьмийн а бошмаш цара шайн дола ехира.
Уьш Ӏаббалц дууш, берстина дӀахӀиттира,
Ахьа шайна деллачу массо а беркатах марзо а оьцуш.
26 qАмма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира!
Ахь беллачу товрат-хьехамаш тӀера уьш дӀабирзира.
Хьан пайхамарша уьш чӀогӀа боьхура,
Хьуна тӀе юхаберза бохуш,
амма цара и пайхамарш байира.
Тхан дайша Хьуна дуьхьал Ӏеса къамелаш дора,
27цундела Ахьа церан мостагӀашна уьш дӀалацийта пурба делира, ткъа мостагӀаша царна дукха зуламаш а дира.
Амма шайна тӀе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дӀахӀиттира.
Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугӀура,
Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кӀелхьарбохурш а лора,
ткъа цара уьш мостагӀийн зуламах кӀелхьара а бохура.
28Амма синтем юха-ма-бирззинехь,
тхан дайша юха а Хьуна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.
Цундела церан мостагӀийн карахь уьш битина Ахь,
цаьрга хӀокхарна тӀехь олалла дайтархьама.
Амма цара, юха а бирзина, Хьоьга гӀо дехча,
стигалахь волчу Ахьа, церан дехарш а хезна,
юха а Хьайн боккхачу къинхетамца дукхазза а гӀо дира царна.
29 rАхьа цаьрга дӀахьедора,
Хьайн товрат-хьехамашна тӀе юхадерза дезар дӀахоуьйтуш,
амма цара, кура а бевлла, Хьан весеташ дӀатеттира.
Ахьа тӀедиллинчарна дуьхьал къинош летийра цара.
Делахь а, уьш лардийриг церан гӀоьнца вехар вара.
Бухахьа а бевлла, Хьох дӀа а бирзина,
дегнаш чӀагӀ а дина, Хьоьга ла ца дуьйгӀира цара.
30 sХьо тхан дайшца чӀогӀа собаре вара.
Дуккха а шерашкахь царна садиттира Ахьа.
Хьайн пайхамарш Хьайн Синехула иракара а хӀиттийна,
оцу пайхамаршкахула царна дӀахьедора Ахь.
Амма цара ла ца дугӀура,
цундела Ахьа уьш кхечу къаьмнийн кара дӀабелира.
31Амма Хьайн боккхачу къинхетамца
Ахьа уьш массо а хӀаллак а ца бира,
уьш Ахьа дӀа а ца тесира,
хӀунда аьлча Хьо дика а, къинхетаме а Дела ву!
32 tТкъа хӀинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела.
Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а,
вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву!
Хьуна хьалха кӀезиг ма хетийла
оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а,
тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а,
дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала.
И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тӀера дуьйна
хӀара де тӀекхаччалц оха хьоьгуш бу.
33Массо а тхуна тӀехӀоьттинчу хӀуманна тӀехь Хьо нийса хилла!
Хьо тешаме хилла, оха харцдерг лелийнехь а.
34Тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а,
тхан динан дайша а, тхан дайша а
Хьан товрат-хьехамаш кхочуш ца бора,
Хьан весеташка ла ца дугӀура,
Ахьа дагадаийтинарг тергал ца дора.
35Шайн пачхьалкхехь Ахьа делла долчу Хьан доккхачу диканехь,
Ахьа шайн кара дӀаделла долчу доккхачу, уггар дикачу лаьтта тӀехь
цара Хьуна Ӏамал а ца йора,
шаьш лелош долчу зуламечу хӀуманашна тӀера дӀа а ца бирзира.
36Ткъа тхо хӀинца леш ду.
ХӀокху Ахьа тхан дайшна цаьрга пайда эцийта а,
цу тӀера шайна напха даккхийта а дӀаделла долчу лаьтта тӀехь
тхо леш хилла дӀахӀиттина.
37Ахь тхуна тӀехь хӀиттийна болчу паччахьийн кара
лаьтто шортта кхиъна ялта чудоуьйту,
оха летийна къинош бахьана долуш.
Тхан догӀмашна тӀехь олалла до цара,
ткъа церан карахь ду тхан даьхни.
Цара тхуна тӀехь шайна луъург леладо,
цундела тхо йоккхачу гӀайгӀанехь ма ду.
38И массо хӀума а бахьана долуш, оха бохо йиш йоцуш болу барт бо, иза кехатна тӀехь дӀа а язбеш. Тхан куьйгалхоша а, левихоша а, динан дайша а цу бартана кӀел куьг яздо, иза мухӀарца чӀагӀ а беш».
Copyright information for
CheCAC2012