Numbers 1
Исраилан халкъ дуьххьара дагардар
1 aМисар-махкара исраилхой арабевллачул тӀаьхьа шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира: 2«Дерриг а Исраилан халкъан, дагар а деш, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀорра а боьршачу стеган цӀе дӀаязъе. 3Ахьа а, АхӀарона а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу нах, шайн тӀеман тобанашца багар а бай, Исраилан халкъан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчеран хьесап де. 4Шайн доьзалехь баьчча волу хӀора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца. 5Шуьца хинболчу нехан цӀераш хӀорш ю: Раабанан тӀаьхьенах – Шидауран кӀант Элицур;6ШимӀин тӀаьхьенах – Цура-Шидин кӀант Шелумиал;
7ЯхӀудан тӀаьхьенах – Ӏамминадабан кӀант Нахьшон;
8Исраилан тӀаьхьенах – ЦуӀаран кӀант Натунаил;
9Забулан тӀаьхьенах – Хьелонан кӀант Элиаб;
10Юсупан кӀентех: Эпрайман тайпанах волу ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ а, Маннашан тӀаьхьенах волу Падацуран кӀант Гамлиал а;
11Бен-Яманан тӀаьхьенах – ГидӀонин кӀант Авдани;
12Данан тӀаьхьенах – Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар;
13Ашаран тӀаьхьенах – Ӏухранан кӀант ПагӀиал;
14Гадин тӀаьхьенах – ДаӀуалан кӀант Элъясайп;
15Напталан тӀаьхьенах – Ӏайнанан кӀант АхьираӀ».
16Уьш бу халкъана юкъара схьакхайкхина болу, шайн дайн тукхамашкахь тхьамданаш болу, исраилхойн тайпанийн коьртехь болу нах. 17ЦӀераш яьхна и нах шайца дӀабигира Мусас а, АхӀарона а. 18ШолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дерриге а халкъ дӀагулдира цара. ТӀаккха халкъо цаьрга дӀадовзийтира шайн схьадовлар, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀора а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчун цӀе дӀаязйора, 19Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара. Иштта халкъан хьесап дира Мусас Синай олучу яьссачу арахь. 20Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 21Раабанан тайпанах багарбинарш шовзткъе ялх эзар пхи бӀе стаг вара (46500). 22ШимӀин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 23ШимӀин тайпанах хьесап динарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе стаг вара (59300). 24Гадин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 25Гадин тайпанах вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт стаг вара (45650). 26ЯхӀудан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 27ЯхӀудан тайпанах вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе стаг вара (74600). 28Иссарханан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 29Иссарханан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе стаг вара (54400). 30Забулан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 31Забулан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе стаг вара (57400). 32Юсупан кӀант волчу Эпрайман тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 33Эпрайман тайпанах хьесап винарг шовзткъа эзар пхи бӀе стаг вара (40500). 34Маннашан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 35Маннашан тайпанах хьесап винарг ткъе шийтта эзар ши бӀе стаг вара (32200). 36Бен-Яманан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 37Бен-Яманан тайпанах хьесап винарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе стаг вара (35400). 38Данан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 39Данан тайпанах хьесап винарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара (62700). 40Ашаран тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 41Ашаран тайпанах хьесап винарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе стаг вара (41500). 42Напталан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 43Напталан тайпанах хьесап винарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400). 44Уьш бара Мусас а, АхӀарона а хьесап биначарна юкъабахана болу багарбинарш. Цара хьесап деш, цаьрца цхьаьна бара исраилхойн баьччанаш а. ХӀора тайпанара цхьацца волу шийтта стаг вара уьш. 45Шайн доьзалшка хьаьжжина, ткъа шо а, цул лакхара а хан а йолуш, Исраилан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчу исраилхойн а динера хьесап. 46Царах багарбинчарна юкъаваханарг вара ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг (603550). 47Ткъа левихой ца богӀура шайн дайн тукхамашца багарбинчарна юкъа, 48хӀунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: 49«Левин тайпанах берш багарбинчарна юкъа ма бахийта, церан исраилхошца цхьаьна хьесап а ма де. 50Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегӀашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хӀуманна а тӀехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гӀуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дӀахӀоттабайта цаьрга. 51Делан четар кхечу метте дахьа дезаш хилахь, иза левихошка хьалаайийта. Нагахь санна и четар охьадилла дезахь, иза левихошка охьа а диллийта. Амма цунна тӀе левихойх воцу цхьа стаг тӀегӀортахь, иза вуьйр ву. 52Исраилан тӀаьхьенах волу хӀорра а стаг шен тайпанан меттамотт болчохь а, шен байракх хьалаайина йолчохь а, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, саца веза. 53Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тӀехь оьгӀазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу». 54И дерриг а кхочушдира исраилхоша. Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира цара и дерриге а.
Copyright information for
CheCAC2012