‏ Numbers 10

Дато турбанаш

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Хьайна дато ши турба е, халкъ гуламе кхайкха а, меттамотт хуьйцуш нахе хаийта а. 3И ши турба лекхча, Делан четарна чуволучохь гуллур ду дерриг а халкъ. 4Цхьа турба лекхча, исраилхойн хӀора эзар стагана тӀе хӀиттийна тхьамданаш бен гуллур бац хьуна гонах. 5Орца доккхуш турба лекхча, малхбалехьа меттамотт хӀоттийна исраилхой гӀовтта беза. 6ШолгӀа а, орца доккхуш турба лекхча, къилбехьа дӀанисбелларш гӀовтта беза
Грекийн гочдар тӀехь тӀетоьхна ду: КхозлагӀа турба лекхча, хӀорд болчу агӀор болу исраилхой гӀовтта беза. ЙоьазлагӀа и лекхча, къилбаседехьа берш гӀовтта беза.
. Уьш новкъа бовлуш а, орца доккхуш турба лакха еза.
7Халкъ гуламе кхойкхуш а турба лакха, амма орца доккхуш санна а ца локхуш. 8И турбанаш лакха дезарш динан дай болу АхӀаронан кӀентий бу. И гӀуллакх царна а, церан тӀаьхьенашна а гуттаренна а тӀедиллина хир ду. 9Шайн махкана тӀелеттачу мостагӀчунна дуьхьал тӀамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТӀаккха шайн Везачу Далла дагадогӀур ду шу, Цо шу мостагӀех кӀелхьардохур ду. 10Бутт а цӀинбелла, я кхин долу деза денош тӀе а хӀиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву».

Исраилхойн новкъа бахар

11Исраилхой Мисар-махкара Дала арабаьхначу шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь тоьшаллин четарна тӀера марха хьалаайаелира. 12Синай цӀе йолчу яьссачу арара дӀабахара исраилхой. ДӀайоьдуш йолу марха Паран олучу яьссачу арахь сецира.

13Мусагахула Везачу Эло тӀедиллинчу омрица дуьххьара новкъа бовла кечбелира исраилхой. 14Хьалха ЯхӀудан тӀаьхьенах болчу наха айира байракх, тӀеман кепехь шайн тобанаш арайовлуш. Царна тӀехь куьйгалла деш Ӏамминадабан кӀант Нахьшон вара. 15Иссарханан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш ЦуӀаран кӀант Натунаил вара. 16Забулан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш Хьелонан кӀант Элиаб вара.

17Делан четар, вовшах а даьккхина, дӀадахьа кечдира. Гуттар а шаьш ма-даххьара, ГӀиршанан а, Мерарин а тӀаьхьенех болчу наха дӀадаьхьира иза.

18Раабанан тӀаьхьенах болчу наха а, шаьш цу меттигера арадовлуш, шайн байракх айира. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Шидауран кӀант Элицур. 19ШимӀин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Цура-Шидин кӀант Шелумиал. 20Гадин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ДаӀуалан кӀант Элъясайп.

21Царал тӀаьхьа КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах дӀабахара. Делан четарна кӀел хӀоттош долу дерриг а деза хӀума дара цара шайца дӀахьош. Уьш керла меттамотт болчу дӀакхачале, четар цигахь дӀахӀоттийнера.

22Эпрайман тӀаьхьено а шайн байракх хьалаайира, шаьш тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца арадовлуш. ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ вара церан куьйгаллехь. 23Маннашан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш вара Падацуран кӀант Гамлиал. 24Царал тӀаьхьа богӀучу Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ГидӀонин кӀант Авдани.

25Байракх а айина, уггаре а тӀаьхьа арабевлларш Данан тӀаьхьенах болу нах бара. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар. 26Ашаран тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏухранан кӀант ПагӀиал. 27Напталан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏайнанан кӀант АхьираӀ. 28Иштта дӀахӀоьттинчу кепаца дӀабоьлхура исраилхой тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца.

29Шен стунден маданхочун РаӀалан кӀанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хӀунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла».

30Амма Хьабаба элира: «Со ца вогӀу шуьца, сайн махка, сайн лаьтта тӀе дӀагӀур ву со».

31ТӀаккха Мусас дехар дира: «Тхо дӀа ма тасахьа, хьуна дика евза хӀара яьсса аре, тхуна некъ гойтуш, хьо хьалхаваьлча, дика хир дара. 32Хьо тхоьца вагӀахь, Везачу Эло тхайна дина дика хьуна а кхочуьйтур дара оха».

Исраилхой новкъа бовлар

33Везачу Элан лома уллора кхаа дийнахь новкъа дӀабахара исраилхой. Везачу Элаца барт баран тӀорказ, хьалха а даьккхина, дӀахьош дара оцу кхаа дийнахь, шайна совца меттиг билгалъяккхархьама. 34Дийнахь уьш дӀабоьлхуш, Везачу Элан марха лаьтташ яра царна тӀехула.

35 bШаьш тӀорказ новкъа доккхуш, Мусас олура: «ГӀаттахьа, Веза Эла!
ХӀаллакьхуьлда Хьан мостагӀий,
Хьо ца везарш бовдийла Хьох!»

36Ткъа шаьш садаӀа севцча, деза тӀорказ цара дӀахӀоттош, Мусас олура: «Юхаверзахьа, Веза Эла,
эзарнаш исраилхошна тӀе!»
Copyright information for CheCAC2012