Numbers 11
Везачу Элера йолу цӀе латар
1Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгӀазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цӀе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цӀеро. 2Мусага орца даьккхира халкъо. Везачу Эле Мусас доӀа а дина, цӀе дӀаяйра. 3Цу меттигах ТабӀера элира (иза «цӀе латар» бохучух тера ду), хӀунда аьлча Везачу Элан цӀе летира халкъана юкъахь цигахь.Кхузткъе итт тхьамда
4Исраилхошца болу тӀебаьхкина нах шайн лаамаш гучубаха хӀиттира. Цаьрца цхьаьна исраилхой а, резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелира: «Тхуна жижиг хьан лур ду? 5Мисар-махкахь маьхза тхаьш биина чӀара дагабогӀу тхуна, цигахь наьрсаш а, пастанаш а, сийна хох а, саьрамсекх а боура оха. 6ХӀинца тхо холчохь ду, „ман“цӀе йолчу цхьана кхачанан буьртигаш доцурш, оха юуш хӀума яц». 7( aОраматан хӀу санна а йолуш, тӀехьаьжна сегӀазах тера яра и «ман». 8Наха, арахула дӀабоьлхий, гулйора иза, кохьарца ахьа а охьура (я махка ▼▼Мохк – шена чохь хӀума отуш йолу пхьегӀа.
чохь ата а отура), кхехка а йора, хьокхамаш а дора цунах. Зайтдаьтта тоьхначу хьокхамах тера бара цуьнан чам. 9 cМеттамотт болчохь тхи диллинчу буса юьллура лаьтта тӀе «ман».) 10Мусана хезара нах четаршна хьалха шайн доьзалшкахь боьлхуш. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазваханера, и бахьана долуш дог доьхна Муса а вара. 11ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Хьайн лай хӀунда хьийзаво те Ахьа? Хьо суна реза хӀунда вац те? ХӀокху халкъан берриг а бала суна тӀе хӀунда билли Ахьа? 12Ас кийрахь лелийна хӀара халкъ, я ас дуьнен чу даьккхина иза, Ахь соьга ала: „Нанас лело бер санна, дӀахьо и халкъ Ас цуьнан дайшна лур ду аьллачу лаьтта тӀе“? 13Ас мичара лур ду дерриг а кху халкъана жижиг? Суна хьалха белха а боьлхуш, шайна жижиг ло ма боху цу наха. 14Соьга цхьаьнга дӀа ца кхехьало хӀара халкъ, дукха беза мохь бу иза суна. 15ХӀара гӀуллакх Ахь суна тӀедуьллуш хилча, вей, дӀаваккха со, Хьо суна реза велахь. ТӀаккха бала хьега дезар дац сан». 16Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара, хьайна бевзаш а болуш, халкъана тӀехь куьйгалла деш болчу баккхийчу нахах кхузткъе итт стаг, къаста а вай, Делан четарна тӀе схьавалаве. Хьайца цигахь дӀахӀиттабе уьш. 17Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дӀакхехьийта. 18Халкъе дӀаала: „Шаьш Суна лерина хилийта цӀена хила, хӀунда аьлча кханалерчу дийнахь аша жижиг дуур ду. Везачу Элана хезна шу доьлхуш: ‘Тхуна жижиг хьан лур ду? Мисарахь тхо дика Ӏаш дара’, – бохуш, цундела Цо лур ду шуна даа жижиг. 19Аш иза цхьана дийнахь а, шина дийнахь а, кхаа а, итт а, ткъа дийнахь а диъна Ӏийр дац, 20амма цхьана баттахь дуур ду, иза сов а даьлла, мерӀуьргашкахула схьадоладаллалц. Иза шуна хир ду шайна юкъахь волу Веза Эла аша ца ларарна а, шу Цунна: ‘Тхо Мисарара ара хӀунда даьхна?’ – бохуш, делхарна а“». 21Мусас элира: «Ялх бӀе эзар гӀашло ву цу халкъана юкъахь, ткъа Ахь боху: „Ас царна жижиг лур ду цхьана баттахь даъал!“ 22Дерриг а уьстагӀий а, стерчий а дайича, тоьур дарий те уьш халкъана? Я хӀорда чуьра берриг а чӀара схьабаьккхича, цунах нахана кхачо хир ярий те?» 23Везачу Эло Мусага элира: «Везачу Элан ницкъ ца кхочуш хӀун ду? Хьуна гур ду, Аса хьоьга аьлларг кхочушхуьлу я ца хуьлу». 24Мусас, ара а ваьлла, халкъе дӀахаийтира Везачу Элан къамел. Нахана юкъара кхузткъе итт тхьамда а гулвина, уьш Делан четарна хьалха дӀахӀиттийра цо. 25Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тӀе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хӀиттира нахана, амма юха а севцира. 26Цу тхьамданашна юкъахь хаьржина Элдад а, Майдад а цӀераш йолу ши стаг вара. Амма четарна хьалха ца вогӀуш, меттамотт болчохь сецнера и шиъ. Царна тӀе а доьссинера Деза Са. ТӀаккха и шиъ Делера болу хаам бан волавелира нахана юкъахь. 27Схьахьаьдда веанчу жимачу стага Мусага элира: «Элдад а, Майдад а меттамотт болчохь Делера болу хаам беш ву». 28И хезча, Мусас хаьржина а волуш, цунна гӀо деш волчу Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Сан эла Муса, дехкахьа царна иза!» 29Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дӀадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тӀе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш». 30Исраилхойн тхьамданаш а эцна, меттаматте дӀавахара Муса. Лекъарчий а, ун а
31Везачу Эло хьакхийтинчу мохо хӀорд болчу агӀорхьара лекъарчий деара. Лаьтта тӀехула локхаллина шина даларан барамехь догӀу уьш исраилхойн меттамотт болчу а, цхьана дийнахь некъ бал цунна гонах йолчу аренга а охьахевшира ▼▼Лаьтта... охьахевшира – я иштта: Меттаматтана гонах Ӏохкура уьш, ерриг а аре дӀа а лаьцна. Муьлххачу а агӀор дийнахь некъ баллал дукха, цхьана шина – даларан барамехь дара уьш.
. 32Арабевллачу наха цу дийнахь а, буса а, шолгӀачу дийнахь а гулдира лекъарчий. Уггар кӀезиг гулдинчо а кхузткъа тускар гулдира. Шайн меттамотт болчу гонах йолчу аренгахь охьадехкира наха уьш. 33Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгӀазалла йоьссира халкъана тӀе. Цо хала ун кхетийтира нахана. 34Цу меттиган цӀе Кхиброт-ХӀатаъву тиллира (иза «сутара» бохург ду), хӀунда аьлча жижигна саьхьара болу нах белира цигахь. 35Кхиброт-ХӀатаъвуера Хьацерут олучу метте дӀабахара исраилхой. Цигахь севцира уьш.
Copyright information for
CheCAC2012