Numbers 11:31-35
Лекъарчий а, ун а
31Везачу Эло хьакхийтинчу мохо хӀорд болчу агӀорхьара лекъарчий деара. Лаьтта тӀехула локхаллина шина даларан барамехь догӀу уьш исраилхойн меттамотт болчу а, цхьана дийнахь некъ бал цунна гонах йолчу аренга а охьахевшира ▼▼Лаьтта... охьахевшира – я иштта: Меттаматтана гонах Ӏохкура уьш, ерриг а аре дӀа а лаьцна. Муьлххачу а агӀор дийнахь некъ баллал дукха, цхьана шина – даларан барамехь дара уьш.
. 32Арабевллачу наха цу дийнахь а, буса а, шолгӀачу дийнахь а гулдира лекъарчий. Уггар кӀезиг гулдинчо а кхузткъа тускар гулдира. Шайн меттамотт болчу гонах йолчу аренгахь охьадехкира наха уьш. 33Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгӀазалла йоьссира халкъана тӀе. Цо хала ун кхетийтира нахана. 34Цу меттиган цӀе Кхиброт-ХӀатаъву тиллира (иза «сутара» бохург ду), хӀунда аьлча жижигна саьхьара болу нах белира цигахь. 35Кхиброт-ХӀатаъвуера Хьацерут олучу метте дӀабахара исраилхой. Цигахь севцира уьш.
Copyright information for
CheCAC2012