‏ Numbers 12

Маремана таӀзар дар

1Марема а, АхӀарона а Мусана тӀехбеттамаш бора, цуьнан хушахо йолу зуда бахьана долуш, хӀунда аьлча Мусас шена хушахо йолу зуда ялийнера. 2Цара вовшашка элира: «Цхьана Мусагахула бен вист ца хуьлура ткъа Веза Эла? Вайгахула а вист ма хуьлура Иза». Везачу Элана иза дӀахезира. 3(Ткъа кху лаьттахь мел долчу адамал Мусана ша кӀезиг хетара.)

4Везачу Эло цӀеххьана Мусага а, АхӀароне а, Мареме а элира: «Шу кхоъ гуламан четар долчу арадала». Уьш кхоь араделира. 5Веза Эла, мархин бӀогӀамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дӀахӀоьттира. Цо АхӀароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тӀебахара. 6Везачу Эло элира: «ЛадогӀа Сан дешнашка!
Нагахь санна шун пайхамарш белахьара,
Со царна я суьрташкахь дуьхьал хӀуттур вара,
я гӀенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца.
7 aТкъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу.
Сан дерриге а халкъана тӀехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву.
8Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до,
хӀетал-металш а ца далош.
Цунна Везачу Элан васт а го.
Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тӀехтохам бан?»

9Веза Эла, царна чӀогӀа дар а велла, дӀавахара. 10Четарна тӀехула марха хьалаайаелча, Мареман дегӀ ло санна кӀайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхӀарон, юха а вирзина, Мареме дӀахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла! 11ТӀаккха АхӀарона Мусага элира: «Сан олахо! КъинтӀера валахьа тхуна, оха, иштта сонта хӀума а дина, къа латорна! 12Ма йисийтахьа иза, ахдегӀ телхина а долуш, дуьнен чу долу делла бер санна а йолуш!»

13Муса, дехар а деш, Везачу Эле кхайкхира: «Дела! Доьху Хьоьга, оцу цамгарх тоехьа иза!» – бохуш.

14 bВезачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхӀ дийнахь юьхьӀаьржачу хӀоьттина Ӏан ца дезара цуьнан? ХӀинца ворхӀ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тӀаьхьа иза юхаерзо мегар ду». Марема меттаматтана арахьа ворхӀ де даьккхира. Иза юхаяккхалц, халкъ новкъа ца делира15

Copyright information for CheCAC2012