Numbers 13
1Цул тӀаьхьа, Хьацерут цӀе йолчу меттигера ара а даьлла, халкъ Паран цӀе йолчу яьссачу арахь сецира.Латта талла бахийтина нах
(Карлабаьккхинарг 1:19-33)
2Везачу Эло Мусага элира: 3«Аса исраилхошна луш долу канаӀанхойн латта талла шайна юкъара нах бахийта. Шайн дайн тӀаьхьенах долчу хӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо вахийта». 4Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, шаьш Паран цӀе йолчу яьссачу арахь долуш Мусас нах бахийтира цу лаьтте хьовса. Уьш берриш а исраилхошна юкъахь коьртанаш бара. 5Церан цӀераш хӀорш яра: Раабанан тӀаьхьенах волу Закхуран кӀант ШамуӀ,6ШимӀин тӀаьхьенах волу Хьорин кӀант Шапти,
7ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Епунин кӀант Килаб,
8Иссарханан тӀаьхьенах волу Юсупан кӀант ИгӀал,
9Эпрайман тӀаьхьенах волу Нунин кӀант ХӀушаӀ,
10Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Рапун кӀант Палти,
11Забулан тӀаьхьенах волу Содин кӀант Гадиал,
12Маннашан тӀаьхьенах волчу Юсупан тайпанах волу Сосин кӀант Гади,
13Данан тӀаьхьенах волу Гималин кӀант Ӏамиал,
14Ашаран тӀаьхьенах волу Микаалан кӀант Сатур,
15Напталан тӀаьхьенах волу Вопсин кӀант Нахьби,
16Гадин тӀаьхьенах волу Макин кӀант Гауал.
17Иштта яра Мусас латта талла хьажийначу нехан цӀераш. Нунин кӀантана ХӀушаӀана, ЮшаӀ аьлла, цӀе тиллира Мусас. 18Шаьш Паран-яьссачу арахь долуш, дӀахьажийра Мусас и нах канаӀанхойн латта муха ду хьажа. Мусас цаьрга элира: «НегӀаб-яьссачу аренгахула а гӀой, лаьмнаш тӀе довла. 19Цигара латта муха ду а хьовса, цу тӀехь дехаш долу халкъ муха ду а талла: иза ницкъ болуш ду я дац, дукха ду я кӀезиг ду? 20И халкъ дехаш болу мохк муха бу а хьовса: иза хаза бу те я декъаза бу те? Церан гӀаланаш муха ю а хьовса. Халкъ четарш чохь Ӏаш ду я дика чӀагӀйинчу гӀаланаш чохь дехаш ду талла. 21Латта муха ду а хьовса: токхе ду я ледара ду? Цигахь дитташ ду я дац хьовса. Даггара гӀерталаш, шаьш юхадоьрзуш цу махкахь кхуьуш болу стоьмаш шайца схьабалаш». (Ткъа иза кемсаша стом луш йолу зама яра.) 22Цара, дӀа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Ӏинна юххехь йолчу Рахьуб-гӀалина тӀекхаччалц и мохк теллира. 23Меттамотт болчуьра дӀа а бахана, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гӀала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Ӏаьнакхан тӀаьхьенах ▼
▼Ӏаьнакхан тӀаьхьенах – уьш даккхий догӀмаш долу, наьрташ санна, адамаш дара.
йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гӀала яра Мисар-махкарчу ЦоӀан-гӀаланал ворхӀ шо хьалха дӀахӀоттийна. 24Уьш Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу баьхкира. Цигахь, дӀаса а хьаьжна, кемсийн таьллангана тӀера кемсийн хорха тӀехь йолу га хадийра цара. И га гӀуркхана тӀе дихкира, ткъа гӀуркх шина стага хьалаайина дӀабаьхьира. Иштта наран а, инжиран а диттийн стоьмаш а схьаийцира цара. 25Оцу меттигна Ашкул ▼▼Ашкул – Ӏебархойн маттахь иза «кемсийн хорха» бохург ду.
цӀе тиллира, исраилхоша схьаяьккхина кемсийн хорха бахьана долуш. 26Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дӀадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира. 27Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тӀебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамӀ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира. 28Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дӀахьажийначу лаьтта тӀе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хӀорш бу цу махкара беана стоьмаш. 29Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гӀаланаш чӀагӀйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Ӏаьнакхахой а гира цигахь. 30НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Ӏамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хӀордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаӀанхой». 31Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хӀунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду». 32Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хӀунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!» 33Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тӀехь дехаш долу халкъ дӀакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догӀмаш долуш. 34 cЦигахь тхуна гира Ӏаьнакхан тӀаьхьенах схьабевлла болу даккхий догӀмаш долу дажалш. Царна хьалха тхаьш цӀоз долуш санна хетара тхуна, церан бӀаьргаш чухула тхо а хетара иштта долуш санна».
Copyright information for
CheCAC2012