a Арадаккхар 32:11-14.
bАрадаккхар 20:5, 6; 34:6, 7; Карлабаьккхинарг 5:9, 10; 7:9, 10.

‏ Numbers 14:13-19

13 aАмма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хӀара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза, 14тӀаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бӀогӀамна юккъехь, буьйсанна цӀеран бӀогӀамна юккъехь вогӀу а аьлла. 15Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хӀаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду: 16„Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тӀе а ца дигаделла, яьссачу арахь хӀаллакдина и халкъ“, – аьлла. 17Ткъа хӀинца сийлахь хуьлда Хьалдолчу Элан ницкъ! Ахь ма аьлла: 18 b„Веза Эла атта оьгӀаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгӀачу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц – таӀзар до Везачу Эло“. 19Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра».
Copyright information for CheCAC2012