‏ Numbers 15

СагӀанаш дахаран бакъонаш

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Аса шуна лун долчу а, шаьш цигахь Ӏийр долчу а лаьтта тӀе шу дахача, 3аша цӀера тӀехь доху дийнаташ дагоран я бертан сагӀанаш даха тарло. Аша Везачу Элана сту я ка барца сагӀа даккха тарло, шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама а, я шайн деган лаам кхочушбархьама а, я шайн деза денош даздархьама а. Иза мухха делахь а, даьккхинчу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 4Амма ша сагӀина лерина хӀума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кӀен сагӀа а дан деза: хӀинан
ХӀин – цхьа хӀин еа литаран барам бара.
доьалгӀа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархӀ кад тоьлла кӀен дама.
5Дийнаташ дагоран я бертан сагӀа доккхучу хенахь хӀора Ӏахарца цхьаьна хӀинан бараман доьалгӀа дакъа чагӀар кечде, чагӀаран сагӀина лерина. 6Ткъа шаьш сагӀина лерина ка балочу хенахь, кӀен сагӀина ялхитта кад кӀен дама а, цунах эдай, хӀинан кхоалгӀа дакъа долу зайтдаьтта а да, 7иштта хӀинан кхоалгӀа дакъа долу чагӀаран сагӀа а да. Оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 8Нагахь дийнаташ дагоран сагӀина я бертан сагӀина, я Везачу Элана хьалха йинчу чӀагӀонан сагӀина лерина къона старгӀа ялош елахь, 9оцу старгӀица цхьаьна кӀен сагӀа а дан деза: ткъе биъ кад кӀен дама а, цунах эдина хӀинан шолгӀа дакъа зайтдаьтта а. 10Иштта хӀинан ахдакъа чагӀар а дан деза чагӀаран сагӀина. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.

11Иза делаш хӀоразза а шаьш Везачу Элана лерина сагӀина сту а, ка а, Ӏахар я буьхьиг ялочу хенахь. 12Иштта сагӀанаш тӀетоха деза аша хӀора дийнатна, церан терахье хьаьжжина. 13Иштта гӀуллакх дан деза Исраилан халкъах волчу хӀораммо а, ша, Везачу Элана там а беш, цӀера тӀехь доккху сагӀа доккхучу хенахь. 14Нагахь шуна юкъахь вехаш тӀевеана цхьаъ велахь, – кӀезиг ханна я ехачу ханна иза делахь, – ткъа Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа даккха цунна лаахь, цо а дан деза аша дийрриг. 15Халкъан доллу парзаш ду шуна а, шуна тӀевеана Ӏаш волчунна а цхьатерра тӀедехкина. Шуна а, шун мел йолчу тӀаьхьенна а тӀедиллина ду уьш гуттаренна а. Везачу Элана гергахь шу а, шуна тӀебаьхкинарш а – цхьаъ ду. 16 bЦхьатерра товрат-хьехамаш а, тӀедехкинарш а хир ду шуна а, шуна юкъахь вехаш волчу тӀевеанчунна а тӀедехкина“».

17Везачу Эло Мусага элира: 18«Исраилан халкъе иштта дӀаала: „Аса шаьш дӀадуьгучу махка шу чудевлча, 19цу лаьтто луш долу сурсаташ шаьш дуучу хенахь, цунах цхьа дакъа Везачу Элана лерина сагӀина дӀало. 20Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагӀина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгӀат хир ду Везачу Элана. 21Иза гуттара а дан дезаш долу хӀума ду, цу бедах дакъа Везачу Элана лерина сагӀина дӀало аша а, шун тӀаьхьенаша а.

22Ткъа нагахь, ларамаза гӀалат а далийтина, Везачу Эло Мусагахула динчу весетех цхьаъ шуна кхочушдан дицлахь, – 23уьш шайна деллачу дийнахь дуьйна шайн хинйолчу тӀаьхьенашна тӀекхаччалц Везачу Эло цуьнгахула деллачу муьлххачу а весетех цхьаъ – аша хӀун дан дезар ду? 24Ткъа нагахь халкъо ларамаза а, ца хууш а далийтинехь, дерриг а халкъо Везачу Элана там беш йолу хаза хьожа йохуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина цхьа старгӀа а, тӀедиллина ма-хиллара, цуьнца цхьаьна догӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха деза. Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож а ян еза 25Дерриге а Исраилан халкъана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза. ТӀаккха халкъана гечдийр ду, и гӀалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гӀалатана цо Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа а, къинан сагӀа а даьккхина дела а. 26Гечдийр ду дерриге а Исраилан халкъана а, царна юкъахь Ӏаш болчу тӀебаьхкинчу нахана а, и гӀалат дерриге а халкъо ларамаза далийтина хиларна.

27 cНагахь цхьана стага ларамаза къа латадахь, цо къинан сагӀина шо кхаьчна йолу газа ян еза. 28Цуьнан къинош дӀадахархьама, ларамаза къа латийначу стагана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, ткъа цунна гечдийр ду. 29Цхьатерра болу товрат-хьехам шуна юкъахь лелар бу Исраил-халкъах схьабевлла болчу бахархошна юкъахь а, тӀебаьхкина Ӏаш болчарна а, нагахь цара, ца хууш гӀалат а бевлла, къа латадахь.

30Исраилхойх я тӀебаьхкина Ӏаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дӀаваккха везаш ву, 31хӀунда аьлча цо Везачу Элан дош а ца лерина, Цуьнан весет а дохийна. Иза билггал шен къомана юкъара дӀа а воккхур ву, иштта ша латийначу къинна жоьпе а озор ву“».

Шоьтан садаӀа де ца лардинарг

32Исраилхой яьссачу арахь болчу хенахь, шоьтан садоӀучу дийнахь царна юкъара цхьа стаг дечиг схьагулдеш гира. 33Дечиг гулдеш хилла волу и стаг карийначара Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а халкъана а тӀевалийра иза. 34И стаг набахти чохь сацийра, цунна хӀун дан деза билгалдаьккхина цахилар бахьана долуш. 35Везачу Эло Мусага элира: «И стаг вала веза. Меттамотт болчуьра арахьа а ваккхий, дерриге а халкъе цунна тӀе тӀулгаш кхиссийта». 36Меттамотт болчуьра ара а ваьккхина, дерриге а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхиссира, Везачу Эло Мусага ма-аллара, тӀаккха иза велира.

Чечакхах лаьцна бакъонаш

37Везачу Эло Мусага элира: 38 d«Исраилан халкъе дӀахьедар де, цара шайн тӀеюхучу хӀуманийн маьӀигашна тӀехь чечакхаш яха еза алий. Ткъа маьӀигашна тӀехь йолчу оцу чечакхашна чу сийна эханг юкъадахийта ала. Изза дан деза ерриге а тӀекхуьучу тӀаьхьенаша а. 39И чечакхаш шуна дӀагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дӀадерзош болчу шайн дегнийн а, бӀаьргийн а лаамашна тӀаьхьа шу ца хӀиттийтархьама а. 40Иза иштта дан деза, Сан дерриге а весеташ дага а дохкуьйтуш, шуьга уьш кхочушдайтархьама а, шу шайн Далла гергахь дӀакъастийна хилийтархьама а. 41Со ву шун Веза Дела, шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна волу. Со ву шун Веза Дела».
Copyright information for CheCAC2012