‏ Numbers 17

АхӀаронан заза даьккхина Ӏаса

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилан халкъе дӀа а алий, церан тайпанашка хьаьжжина, шийтта Ӏаса схьаэца, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса. Церан хӀораннан цӀе шен Ӏасанна тӀе дӀаязъе. 3АхӀаронан цӀе Левин тайпанан Ӏасан тӀе дӀаязъе. ХӀора тайпанан куьйгалхочо шайн тайпанах цхьацца Ӏаса схьаян еза. 4И Ӏасанаш гуламан четар чуьра тоьшаллин тӀорказна хьалха охьаяхка, Со шуна юкъахь хуьлучу метте. 5Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Ӏасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».

6Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира иза. Куьйгалхоша шийтта Ӏаса схьаеара, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса, церан тайпанашка хьаьжжина. Царна юкъахь АхӀаронан Ӏаса а яра. 7Мусас тоьшаллин четар чу, Везачу Элана хьалха, охьаехкира и Ӏасанаш.

8 aШолгӀачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхӀаронан Ӏасано, заза а даьккхина, чӀенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тӀе зезагаш а даьлла, миндал олу, бӀаран тайпа болу, стом беллера цо. 9Ерриге а Ӏасанаш, Везачу Элана хьалха йолчу меттера ара а яьхна, Исраилан халкъе дӀагайтира Мусас. Массо а адам оцу Ӏасанашка хьаьжира, ткъа хӀора куьйгалхочо шен Ӏаса дӀаийцира. 10Везачу Эло Мусага элира: «АхӀаронан Ӏаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тӀорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а». 11Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Мусас иза кхочушдира.

12Исраилан халкъо Мусага элира: «Тхуна хаьа, тхаьш лийр дуйла! Тхо хӀаллакьхилла! Тхуна хаьа, тхо хӀаллакдийр дуйла! 13Везачу Элан четарна тӀе мел ваханарг леш ву! Тхо дерриш а дала дезар ду те?»
Copyright information for CheCAC2012