Numbers 18
Динан дайшна а, левихошна а тӀедехкинарш
1Везачу Эло АхӀароне элира: «Хьо а, хьан кӀентий а, массо а левихой а жоьпе озор бу, Со Ӏаш волчу меттигна дуьхьал аша дина Ӏеса хӀуманаш бахьанехь. Ткъа ахьа а, хьан кӀенташа а жоп дала дезар ду динан дайша дечу гӀуллакхна дуьхьал дечу Ӏесаллина. 2Иштта хьан дайн тӀаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кӀенташна а гӀо дайтархьама. 3Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кӀел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цӀа чохь йолчу цхьана а хӀуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. 4Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гӀуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тӀе а ма ваийта. 5Иштта, еза хӀуманаш лар а е, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгӀаз ца вахийтархьама. 6Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгӀат санна, уьш хьан кара дӀабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх кхочушдайтархьама. 7АхӀарон! Хьан а, хьан кӀентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагӀа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тӀехьа долчуьнца а доьзна долу гӀуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гӀуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тӀегӀортахь, иза вуьйр ву».Динан дайшна кхачош долу дакъа
8Везачу Эло АхӀароне элира: «Аса-Айса хьан кара дӀаделла Суна лерина деана совгӀаташ. Исраилхоша Суна яхьаш йолу массо а еза хӀуманаш Аса гуттаренна а хьуна а, хьан кӀенташна а шуна кхачош долу шатайпа дакъа санна дӀало. 9Халкъо Суна сагӀина лерина еанчу уггар езачу хӀуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагӀина мел деанчух – кӀен а, я къинан а, я къера хиларан а сагӀина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кӀенташна а кхачош дерг ду. 10Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагӀина лерина деанарг деза хӀума хилар. 11Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина деана совгӀаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало. Хьан доьзалехь цӀена волчу хӀораммо а даа мегар ду иза. 12Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагӀар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кӀа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дӀало. 13Хьан хир ду Везачу Элана лерина халкъо дохьун долу, лаьтто цунна дуьххьара делла массо а сурсаташ. Хьан доьзалехь цӀена мел волчун а бакъо ю иза даа. 14 aИсраилхоша гуттаренна а Везачу Элана болу дӀа ца боьрзу бахам санна къобал мел динарг хьан хир ду. 15Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь. 16Беран цхьа бутт кхаьчча бала безар бу цунна тӀера луш болу мах. Цуьнан барам пхи шекхал дети бу, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхална чу ткъа гер догӀу). 17Ткъа дуьнен чу дуьххьара девллачу стерчашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а тӀера мах ма баккха. Уьш Везачу Элана дӀакъастийна ю. Церан цӀийн цинцаш кхерчана тӀетоха, ткъа мохь цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна ягае, цуьнан хаза хьожа Везачу Элана тамехь ю. 18Оцу дийнатийн жижиг хьуна кхачош ду, шатайпа сагӀа санна хьалаайина долчу церан накха а, аьтту гӀогӀ а хьуна кхачош ма-хиллара. 19Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало исраилхоша Суна сагӀина лерина дахьаш долу дерриг а совгӀаташ. Иза туьхана тӀехь чӀагӀбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тӀаьхьенца а Аса бина болу барт бу». 20Везачу Эло АхӀароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со. 21 bХалкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгӀа дакъош Аса левихошна дӀало, цара гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш хиларна. 22ХӀинца дуьйна Исраилан халкъ гуламан четарна юххе даха ца деза, ша, къилахь а хилла, ца далийтархьама. 23Гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна, 24хӀунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дӀалуш долу уьтталгӀа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“». 25Везачу Эло Мусага элира: 26«Левихошка, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Аса шайна кхачийтина долчу нахера схьадаьккхинчух уьтталгӀа дакъа исраилхошкара шаьш схьаэцча, цунах уьтталгӀа дакъа аша Везачу Элана совгӀат санна дӀадала деза. 27Аша дӀалуш долу и совгӀат шун ялтих даьккхинарг санна лорур ду – шун хьаьттах долу кӀа я шун муттдоккхургах даьккхина чагӀар санна. 28Иштта, исраилхойн массо а уьтталгӀачу дакъойх аша а Везачу Элана совгӀат дахьар ду. Наха схьадеанчу оцу дакъойх Везачу Элана лерина долу совгӀат динан дега АхӀароне дӀадала деза аша. 29Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух уьтталгӀа дакъа деача, аша цунах тоьлла а, уггар даздина а дерг схьакъасто деза. Иза аша Везачу Элана лерина дӀадала дезаш дерг хир ду“. 30Муса! Ахьа левихошка иштта дӀаала: „Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух деана уьтталгӀа дакъа аша Везачу Элана дӀаделлачул тӀаьхьа, царах дисинарг левихошна лерина ду, хьаьттах а, муттдоккхургах а цара схьадаьккхинарг санна. 31Дисинарг аша шайн доьзалшца даа мегар ду муьлххачу а меттехь. Гуламан четарца боьзна болчу балхах шуна луш болу мах бу иза. 32Шайна деанчух тоьлла долу дакъа аша Везачу Элана лерина дӀалахь, шу къилахь хир дац. Делахь а, дагахь латтаделаш, Исраилан халкъо деана деза совгӀаташ Далла хьалха бех ма делаш, шаьш ца далийтархьама“».
Copyright information for
CheCAC2012