‏ Numbers 19

Далла хьалха цӀандеш долу хи

1Мусага а, АхӀароне а Везачу Эло элира: 2«Везачу Эло шуна тӀедуьллуш долу товрат-хьехамна тӀера парзаш хӀорш ду: исраилхошка хьайна тӀе хьаьрса етт балабайта. Шена тӀехь цхьа а кхачамбацар я дерт доцуш, цкъа а тӀе дукъ диллаза а болуш хила беза иза. 3Динан да волчу ЭлиӀазаре дӀало и етт. Цо, иза меттаматтана арахьа йолчу метте а бигна, шена хьалхахь цунна урс хьокхуьйтур ду. 4Динан дега ЭлиӀазаре, шен пӀелг цу аьттан цӀий чу а Ӏоттийтий, цуьнан цинцаш ворхӀазза гуламан четаран хьалха агӀор тӀе тохийта. 5ТӀаккха, ЭлиӀазар юххехь а волуш, и етт берриге а багабайта. Цуьнан цӀока а, жижиг а, цӀий а, боьхаллаш а – уьш ерриш а яго еза. 6Цул тӀаьхьа динан дас, баганан дечиг а, ярийн курс а, цӀен тай а схьа а эцна, и ерриг а хӀума етт багочу цӀерга кхосса еза. 7Шена тӀера хӀума а йиттина, шен дегӀ хица цӀан а дина, меттамотт болчу юхаверза веза динан да. Иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. 8И етт багош хиллачо а шена тӀера хӀума а юьттуш, шен дегӀ хица цӀандан деза. Иза а сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. 9 aЦӀена болчех цхьаммо, цу аьттан чим, схьа а гулбина, цӀеначу метте охьабилла беза. Исраилан халкъан дуьхьа латтор бу и чим, цунах цӀандаран хи кечдархьама. И чим къинан сагӀа лоруш ду. 10Цу аттах бисина чим дӀагулбинарг а цӀанвала веза, шена тӀера бедарш а йиттина. Сарралц Далла хьалха цӀена хир вац иза. Исраилан халкъана а, цунна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарна а гуттаренна а тӀедиллина ду иза.

11Адаман докъах хьакхавелларг ворхӀ дийнахь Далла хьалха цӀена хир вац. 12КхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а деношкахь цӀандаран хица тӀехьарсийта деза цо. ТӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ву. Ткъа ша кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь цӀан ца вайтинарг цӀена хир вац. 13Докъах хьакха а велла, цӀано яран Ӏадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дӀаэккхо веза. ЦӀандаран хин цинцаш оцу стагана тӀе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цӀена хир вац, цуьнан цӀена цахилар цунна тӀехь дуьсур ду. 14Шен четар чохь веллачух лаьцна болу товрат-хьехам иштта бу. Нагахь санна стаг шен четар чохь дӀакхалхахь, цу чохь мел верг ворхӀ дийнахь боьха хир ву. 15Иштта боьха хир ю шайна тӀехь негӀарш чӀагӀдина йоцу ерриге а кхабанаш а, пхьегӀаш а. 16ТӀамехь вен а вийна, аренгахь Ӏуьллучух я Ӏожалла тӀееанчух, я деллачу адаман даьӀахкех, я кошах дӀахьакхавелларг муьлхха а ворхӀ дийнахь цӀена хир вац.

17ЦӀена цахилар дӀадаккхархьама, аша, багийначу аьттан чим схьа а эцна, кхаби чу а тесна, цу тӀе керла хи дотта деза. 18Ткъа цӀена болчех цхьаммо, ярийн курс а эцна, иза цу хи чу а Ӏоьттина, четар тӀе а, цу чохь хиллачу пхьегӀашна а, адамашна а тӀе а хин цинцаш тоха деза. Изза дан деза деллачу адаман даьӀахкех, я тӀамехь вийначух, я ша дӀакхелхинчух, я кошах дӀахьакхавеллачу муьлххачунна а.

19Ша цӀена волчо Далла хьалха цӀена воцучунна кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь оцу хин цинцаш тоха деза. ВорхӀалгӀачу дийнахь цо и стаг цӀанвинчул тӀаьхьа, цу стага хица шен бедарш йитта а еза, шен дегӀ цӀандан а деза. Сарахь иза Далла хьалха цӀена хир ву.

20Ткъа нагахь Далла хьалха бехвеллачу стага ша иштта цӀан ца вайтахь, и стаг Исраилан халкъана юкъара дӀаэккхо веза, Дела Ӏаш волу меттиг цо бехйина дела. ЦӀанваларан хин цинцаш цунна тӀе ца тохарна, иза Далла хьалха цӀена вац. 21Иза шуна гуттаренна а тӀедиллина ду. ЦӀанваларан хин цинцаш тӀетоьхначо шен тӀеюху бедарш йитта еза. Муьлхха а цӀанваларан хих хьакхавелларг сарралц боьха хир ву. 22Иштта верг хьакхавелла йолу ерриг хӀума а боьха хир ю. Иза дӀахьакхавелла волу кхин стаг а сарралц боьха хир ву».
Copyright information for CheCAC2012