Numbers 2
Исраилхойн тайпанийн меттаметтанаш дӀанисдар
1Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2«Исраилан халкъо шайн меттаметтанаш, къеста а деш, гуламан четарна гонах дӀахӀитто деза. ХӀора стага шен тайпанан байракх хьалаайинчохь, шен доьзалан билгало йолчохь, меттамотт дӀахӀотто беза. 3Малхбалехьа, малх схьакхетачу агӀор, ЯхӀудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. ЯхӀудан тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона. 4Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе тӀемало ву (74600).5ЯхӀудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ЦуӀаран кӀанта Натунаила. 6Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (54400).
7ЯхӀудан тайпанна юххехь Забулан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Хьелонан кӀанта Элиаба. 8Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе тӀемало ву (57400).
9ЯхӀудан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе везткъе ялх эзар виъ бӀе стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш исраилхой дӀабоьлхуш хьалхабевлла баха беза.
10Къилбехьа йолчу агӀор Раабанан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Шидауран кӀанта Элицура. 11Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ялх эзар пхи бӀе тӀемало ву (46500).
12Раабанан тайпанна юххехь ШимӀин тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Цура-Шидин кӀанта Шелумиала. 13Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе тӀемало ву (59300).
14Раабанан тайпанна юххехь Гадин тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду РаӀалан кӀанта Элъясайпа. 15Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (45650).
16Раабанан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе шовзткъе цхьайтта эзар виъ бӀе шовзткъе итт стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш, исраилхой дӀабоьлхуш, шолгӀачу меттехь хир бу.
17Цул тӀаьхьа гуламан четар а, иза дӀахьош долу левихойн тайпа а дӀагӀур ду, дуьххьарлерчу шина меттаматтана а, тӀаьххьарчу шина меттаматтана а юккъехь. Шайн меттаметтанаш дӀанисдина кеп ма-хиллара, дӀагӀур бу уьш. ХӀора стаг шен-шен меттехь, шен байракх хьалаайинчохь, хир ву.
18Малхбузехьа йолчу агӀор Эпрайман тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа. 19Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъа эзар пхи бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (40500).
20Эпрайман тайпанна юххехь Маннашан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Падацуран кӀанта Гамлиала. 21Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе шийтта эзар ши бӀе тӀемало ву (32200).
22Эпрайман тайпанна юххехь Бен-Яманан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ГидӀонин кӀанта Авданис. 23Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (35400).
24Эпрайман меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе бархӀ эзар цхьа бӀе тӀемало ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш дӀабоьлхуш кхоалгӀачу меттехь хир бу.
25Къилбаседехьа йолчу агӀор Данан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара. 26Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе тӀемало ву (62700).
27Данан тайпанна юххехь Ашаран тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏухранан кӀанта ПагӀиала. 28Цуьнан эскарехь варгарвинарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе тӀемало ву (41500).
29Данан тайпанна юххехь Напталан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа. 30Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (53400).
31Данан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе шовзткъе вуьрхӀитта эзар ялх бӀе тӀемало ву. Уьш, исраилхой дӀабоьлхуш, шайн байракхашка хьаьжжина, тӀаьххьарчу меттехь хир бу».
32Иштта, шайн доьзалшка хьаьжжина, багарбинера исраилхой. Меттаметтанашкахь болчу нехан, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, хьесап дича, уьш верриге а ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт тӀемало вара (603550). 33Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, Исраилан тӀаьхьенах болчу нехан хьесап деш, левихой багар ца бира.
34Иштта Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша. Цу тайпана, шайн байракхаш хьалаайинчохь, шайн меттаметтанашкахь дӀахӀуьттура уьш, ткъа иштта, хӀорра а шайн тайпанашца а, доьзалшца а дӀабоьлхура уьш.
Copyright information for
CheCAC2012